Главная » История » Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том (сразу полная версия бесплатно доступна) Бенедетти Франческо читать онлайн полностью / Библиотека

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цо къа ца хеташ хIаллак йора тоьпан тата схьахезаш йолу муьлхха а нохчийн йурт.

Инарлин къизаллин тIеIиттабеллачу нохчаша, шайн баьчча хаьржира имам ГIеза Мухьаммад. Цо гIазот а кхайкхина, ткъех шарахь гергга Паччахьан Iедална дуьхьал къиссам латтийна эскар вовшахтуьйхира.

1832-чу шарахь, ламанхоша къар ца луш, латтош болчу къиссамо оьгIаз вахийтинчу Хьалхара Николайс нохчий мухха къарбина а къарбан Iалашонца ткъа эзар стагах лаьтта эскар дIахьажийра Кавказе.

Нохчийчоьнах цIе тоссуш чекхделира Паччахьан эскар.

Цуьнан аьтто белира ГIеза Мухьаммадан лар талла а, цунна Гимры олучу ша хьаваьллачу юьртахь кIело йан а.

Майраллица летара ламанхой, амма оьрсийн герзаш а, церан эскаран дукхалла а бахьана долуш, йита дийзира ламанхойн тIеман аре.

ГIеза Мухьаммад вийнера, ткъа цо айбина маршонан байракх цуьнан уггаре а тешаме накъосте – къоначу жIайхочуьнга Шемале кховдийра. Иза Кавказан исторехь Имам Шемал цIе йолуш ваха вуьссур ву.

[3] Я Шемал а, я ГIеза Мухьаммад а нохчий ца хилла.

И шиъ Дагестанан коьртачу этнически тобанна юкъа догIучу жIайхойн къомах хилла. Цу къоман уггаре а хьийкъина мур хилла вайн эранан 7-гIачу бIешарера 10-гIа бIешаре кхаччалц. Царех цхьа берш Трансильвани дехьа бевлла, ткъа кхин болчара Къилба Россин яьккхий хьаьрманаш дIалаьцна.

.

Керлачу баьччан аьтто белира Россин олаллина дуьхьал къиссам латтош йолу ламанхойн тобанан барт чIагIбеш, цунах боккъалла а йолу политически институт кхолла, ма-дарра аьлча нийсса ткъе пхеа шарахь лаьттар йолу, Имамат цIе йолу керла пачхьалкха кхолла.

Цу пачхьалкхана йукъа догIуш дара наибаша а, муфтийс а, куьйгалла деш долу латтанан 33 дакъа. Пачхьалкхехь герзаца кхачо йина эскар а дара, иштта тIеман 510 куьйгалхо а вара.

Имамат бусулба динан бакъонна а, шарIанна а тIетевжаш йара, ткъа цуьнан къобалбина пачхьалкхан мотт Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бийцина хилла болу Iаьрбойн мотт бара.

И пачхьалкха кхоьллича Имам Шемалан аьтто белира хIинцалц йаьржина хилла тобанаш вовшах а тоьхна, хила ма-беззара тIеман ницкъаш а, эскар а кхолла.

Цул совнаха, бусулба динан пачхьалкха кхоллар бахьана долуш цуьнан аьтто белира Нохчийчуьра Iесалла орамца дIа а йоккхуш, къам буьззинчу барамехь бусулба динна тIедерзо. Заманан йохалла Росси пачхьалкхана дуьхьал уггаре а чIогIа къизачу тIемашца къиссам латтийна ду нохчийн къам. Диъ бIе шарахь Россица тIом бина нохчаша. И къиссам карарчу хенахь сацийна а бац.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги