На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Нохчашкара долахь долу латтанаш схьа а дохуш, уьш колхозашна дIалуш дара, ткъа цу колхозашкахь къа хьега дезаш вара массо а.
Пачхьалкхас пайдехь мехашца йалта оьцур ду, ткъа цуьнан метта мокъазалла лур йу.
Проектан башха дика жамIаш ца хиллера, коммунисташна толам баккха гIо динчу нохчийн цабезам марсабаккхар бен. Шайн латтанийн дола дан аьтто хиларе сатийсина болу уьш, мелхо а шайгахь долчунах а бевлира.
[8] Нохчий цхьаъ санна массо а дуьхьал велира коллективизацина. Историка Некрич Александра дийцарехь, Нохчийчоьхь долахь латтанаш дан а дацара.
Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара.
Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.
Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера 1920-1930-чу шерийн йохаллехь. Советан Iедало вейтта эзар герра стаг лаьцна воллушшехь, Нохчийчоь саца дагахь йацра.
1939-чу шарахь адам реза ца хилар боккъалла а болчу гIаттаман кепе дирзира. Цуьнан коьртехь лаьттара журналист а, поэт а Исраилов Хьасан. Цуьнан ойланаш коллективизацис оьгIаз бахийтиначу ламанхоша къобалйина хилла ца Iаш, СССР-ан керлачу баьччас Сталин Иосифа хIаллак йеш хиллачу интеллигенцис а, буржуазис а къобалйира.
Исраиловн аьтто белира Iеламнах а, Iилманчех а лаьтта шен юкъаралла кхолла. 1939-чу шеран бIаьста цо правительствона дуьхьал дуьххьара герз айдира.
[9] Исраиловс меттигера партин хьалхарчу секретаре Быковга яздинчу кехатехь дIахьедира: «Нийсса ткъа шарахь советан Iедало къиссам латтийна сан къомаца, и къам хIаллакдина дуьненчуьра дIадаккха Iалашонца. Цкъа «кулакаш», юха молланаш, бандиташ, буржуа-националисташ.





