Главная » История » Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том (сразу полная версия бесплатно доступна) Бенедетти Франческо читать онлайн полностью / Библиотека

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Ас йемал до политически а, а динан а, иштта экстремизман муьлхха а кепан.

    Бенедетти Франческо

Акаев ИсмаIал

Дешхьалхе

Тешо йолуш ала мегар ду тIаьхьарчу ткъе итта шарна йукъара хиламаша даг тIехь чов ца йеш ца витина цхьа а нохчо. 1944-чу шарахь махках дахаран лазам хIинца а кийрахь Iийжачу къомана рогIера къиза киртиг тIеIоттайелира.

ТкъолгIачу бIешарехь инзаре чолхе хиламаша дуьзна дара нохчийн къоман дахар. Церан ирча лар схьайогIура 17—19 бIешерашкара дуьйна. Иза ларамза а дац, Росси пачхьалкхица уьйр мел лаьтта.

ТIаьхьарчу ткъе итта шарех дерг аьлча, къаьсттина Нохчийчоьхь хиллачу шина тIамах дерг, и хилам башха тергал ца бира йа Россин пачхьалкхахь а, йа дерриге а дуьненахь а.

Дуьненахь уггаре а ницкъ болчу Россин эскарна дуьхьал тийссадала ша диссира нохчийн жима къам. Нохчийчохь цIий Iанар бахьана долуш, хIаллак хилира бIе эзарнаш маьрша адамаш, ткъа дийна биссинарш пана махкашкахь дIасабаьржира.

Дукха хан йоцуш, интернет сурсаташкахь со ларамза тIеIоттавелира Бенедетти Франческос йеллачу интервьюна.

Журналистаца дечу къамелехь цо дуьйцура нохчийн къоман историх лаьцна ша йазйиначу книгах лаьцна. Цуьнан къамелан кIоргIечу чулацама, нохчийн къоман баланех лаьцна цуьнан дог дуьзна болчу лазамо со а, сан кхетам а бакъ долуш Iадийнера. Мацах шираллехь йухаметтахIотторан муьрехь Европана культуран серло гайтиначу генарчу Италин Флоренци гIалахь веха жима стаг дуьненан бIаьргаш делла гIертара, жимачу къомо лайначу балина, цуьнан тидам тIеберзош.
Цуьнан къамелах бIаьрг буьзначу сан ойла кхоллайеллира цо бина болх кIоргера талла. Итальянски мотт сайна ца хуушшехь, сан аьтто белира и книга йеша а, цул совнаха оьрсийн матте гочйан а, хIинцалц нохчийн баланашна къора а, бIаьрзе а хилла юкъаралла, интеллигенци, журналисташ, историкаш самабаха Iалашонца. Айса тIелаьцнарг хала а, атта кхочуш а дина ас, цул совнаха авторан пурбанца цхьацца хийцамаш а бина. Со тешна ву, йешархочунна атта а, кхетар а волчу а, маттахь йазйина хIара книга историкашна хилла ца Iаш, муьлха а стагана пайдехь хир йу аьлла.
ХIара хьалхара гIулч бен йац нохчийн тIамах лаьцна Бенедетти Франческос йухьаралаьцначу некъан. Со тешна а ву кху книгас эзарнаш йешархойн кхетамехь боккха а, чулацаме а некъ беш, дуьненна бицбелла нохчийн балане церан болу хьежамаш хуьйцуш, кху заманан литературни а, исторически а майданехь йоккха меттиг дIалоцур хиларах.

Акаев ИсмаIал – журналист, йаздархо, Лондонера Евразийски кхоллараллин гильдин декъашхо.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги