На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара.
1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.
Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.
1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.
[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц.
Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.
Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.
Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.
И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.
Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.
И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий.



