На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Шен агIор коммунистически куьйгалла цунна дуьхьало йан гIертара: СССР-ан издательски отдела ца магийнера махках дахар аьлла муьлхха а дош хьахо, амма цуьнан чов и ирча сурт гиначеран дегнашкахь хIинца а Iийжара, ткъа тIекхуьучу чкъурана бакъ дерг хаьа лаьара [20] ГIалгIайн маьрша боламан баьччас Кодзоев Iийсас шен политически хьежамашах лаьцна ишта дийцира: «Иза дуьххьара доладеллера тхо хьехархойн институтан студенташ долчу хенахь. Тхо махках даьхна нах дара, тхуна цунах лаьцна ша дерриге а хаьа а лаьара.
къийла а ца луш, цунах лаьцна дийца а лаьара. [21] 1962-чу шарахь со дуьххьара лаьцначу хенахь, ас кхелахочуьнга элира, аш суна йеш йолчу кхело со декхарийлахь во со велла дIаваллалц Советан Iедалца къиссам латто.
Перестройка
Система хийцалур йу бохучун хьокъехь Москван геронтократически куьйгаллера цхьа а вист хуьлуш вацара.
Хрущев даржехь хийцина волчу КПСС-ан къена баьчча Брежнев Леонид башха кхеташ волчух тера дацара кхолладеллачу хьал чолхе хиларах. Оцу кепара, стагнацис а, пачхьалкхан декхаро а кIелбитина болу мохк массо а тIегIанехь кIоршаме хилира, ткъа куьйгаллехь болчарна хIинца дукха хьолахь шаьш бен дагахь хIумма а дацара.
Къаьсттина, Москван правительствон аьтто ца белира капитализмаца къовсалур йолчу кепехь мехкан экономика латто.
Аьргалла йолчу товарашна, къаьсттина углеводородошна долчу мехийн керчаро а, дика а, вуо а йуртабахаман шерийн хийцадаларо а экономика кхиссайала йолайалийтира.
Правительствос луш долу жоп цхьаъ дара: мехаш охьадаха декхара хьарчо деза.
Иштта а замано зийна йолчу пачхьалкхан финансийн система гIелъеллера СССР Iамаьркан кхиамашна тIаьхьакхачо гIерташ.
1979-чу шарахь Советски Союз Афганистане тIамца чуйахара. ЦIечу Эскаран цIе а, Советски Союзан сийлалла а зуьйш боккъалла а боккха тIом хилира цунах.
Къаьсттина Афганистанехь карор ву вайна «Ардахар» олучу исторически агIонан кIант. Нохчийн къам махкаха даккхале масех де хьалха вина волу Дудаев Жовхар 1957-чу шарахь шен ненаца а, вежаршца Даймахка цIа веара.
Сарахь деша а доьшуш, дийнахь электрикан болх бора цо, жимма а шен доьзална гIо хилийта. 1962-чу шарахь цуьнан аьтто болу Тамбов гIалара тIеман хIаваан училище деша хIотта.





