На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Андроповна тIахьа, дарже хIоьттира Черненко Константин. Цо куьйгаллехь йаьккхина хан кхин а йоца а, йеса а йара ала мегар ду: ша даржехь баьккхинчу кхойтта баттана юкъахь ханна воккхачу баьччас динарг хIумма а дацара Iамаьркаца йолу йукъаметтиг кхин а чIогIа талххор бен – цо омра дира 1984-чу шеран Олимпийски ловзарш бойкотировать дан, ткъа оцу кепара Советски Союз дуьненна кхин а чIогIа йуьстах йелира.
Черненко валар а ца гуш диссира йукъараллина, хIунда аьлча хIетахь политикин майданехь гучуделира керла, шатайпа васт – 54 шо кхаьчна волу Горбачев Михаил.
И керла баьчча хьалха хиллачарел чIогIа къаьсташ вара. Уггаре а коьртаниг дара иза къона хилар, хIунда аьлча и санна болчу политически кхиамна 54 шо дукха дацара.
Цуьнан коьрта герз дара – шатайпа амал, адамах дог лазар, реформитстки кхетам. Цу дерригенан а гIоьнца аьтто белира цуьнан гуламо цхьа барт хилла шен кхаж дIалуш, КПСС-ан Генеральни секретарь хIотта.
Цуьнан ойла нийса йара: гуш дара шийлачу тIамо коммунизмана массо а агIор эшам бохьуш хилар а, иза лаппалг санна эккха гергга йахана хилар а.
Цо хIоттийна Iалашо кIоргера бух болуш а, тIаьхьало йолуш а йара. Горбачевс дийцарехь карарчу хенахь болу политически раж ларбийр болу экономически кхиам баккха масех биллам кхочуш бан беза: уггаре а хьалха шийла тIом чекхбаккха беза.
Герзана дойуш долу ахча, жимма кхоош хилча, цуьнах рыночни социализман бух тIехь экономика кхолла мегар дара: долахь бахам йухаметтахIотторан а, либерализацин а йоккхачу Iалашано гIо дийр дара сурсаташ арахецар алсам даккха а, йохкар-эцархойн тоба кхолла а. Цу хийцамийн ирхе хир йара СССР-ах суверенни а, маьрша а республикех лаьтташ йолу керла политически кхоллар йича.
Проект доккха маьIна долуш йара.





