Главная » История » Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том (сразу полная версия бесплатно доступна) Бенедетти Франческо читать онлайн полностью / Библиотека

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.

Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.

Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла.

Пачхьалкхан иерархин лардехь хилла йийсарш а, леш а.

Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.

Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.

Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех.

Тейпанаш гаранашна декъало, ткъа гараш некъашна.

Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела – иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.

ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.

Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.

Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.

Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина.

Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.

Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.

Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги