На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Кху книгас самадоккхур ду нохчийн къоман иэс, тIаьхьарчу тIаьхьенна нийсонан, Бекхаман Новкъахула доьналлица чекхваьлла волу вайн къоман сийлахь турпалхо – Довта-МартантIера, чIинхой тайпанера нохчийн обарг Кута вовзуьйтуш.
Акаев ИсмаIал – Евразийски Кхоллараллин Гильдин декъашхо, Кавказан йаздархойн Клубан декъашхо.
Сурт диллинарг Айтек Дуг
Обарган новкъахь
Шийла буьйса —
Меца кийра.
Дайна гIора,
ГIийла говр а.
Тоьпан гIап а,
Шаьлтан ботт а.
Буьйса Iаьржа
Стиглахь седа…
Дуьне-эхарт,
Упханан тхов а,
Кошан барз а,
КIайн марчо а.
Шийла тIулг а,
Iаьржа верта.
Йоьду зама —
Дог ду цхьалха.
Ненан бIаьргаш —
Шийла шовда.
Деле воьхуш —
Йиша йоьлхуш.
Буьйса Iаьржа,
Борз а угIу…
Шена кIант а
Дена оьшу.
Буйнахь шаьлта,
Топ а, тапча…
Дехен лазам —
Деган чов.
Боьхна новкъахь
Обарг лела —
Цхьалха тIулг а
Хилла шийла.
Йилла къоман
Лекха, чIогIа —
Дехе сийлахь
Лекха бIов…
Ирс а доьхна
КIант а лела,
Шовдан йистехь
КIудал йеса…
Акаев ИсмаIал
Нохчийн обарг Довта-МартантIера Кута
Суртан автор Дикаева Янина
Безаман кхоллам
I
Ши кIира даьллера Кутас къеначу Шоптакхан говраш йухайерзийна.
ВаларгтIера аьккхи лор Элмарза волчу а кхечира Кута, шен чов цунна гойтуш. Иштта масех де даьккхира обарга СемаIашкара шен зумсой вежарий болчохь а. Дуй биъна вешица Котар-Йуьртара нашхо ГIирмахаца цхьаьна Йоккхачу АтагIара Тамаев Аюб волчу а вахара Кута, масех де Шелахь а даьккхира. Иштта кхечира дай баьхначу Уьшкхала а. Ма хаза бара Даймохк, ма цIена, ма ирсе, ма сирла хетара обаргана ша кху лаьттахь йоккхуш йолу хIора а гIулч. Бекхаман новкъахь, халкъан чIир оьцуш, хийла Кавказан лаьмнаш толлура цо, амма кхузахь санна цхьа тамашийна мерзачу лазамо ца хьулдора дог.
Цаца реза йацара кIантана, цо доьзалца хан кIезиг йоккху бохуш.
– Ва Кута, хьан кIентий баккхий хилла. Цхьа жимма мукъне а царна а кхачийта хьо! Царна а оьшу хир ма ду хьоьгара гIо. Уьш-м хьоьх дагабовла, хьан хьехаршка ладогIа сатесна ма бу. Айхьа кху къомана ца кхоош йолу йовхо, тхуна а кхачийта жимма.





