На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Шортта дара ламанхой дийца. Кавказехь цхьаьна а къоман дахар цкъа а ца хилла атта. Ломара охьахецаделла догIу дистина хи санна буьрса а, чехка а бу кавказхойн кхолламаш…
Пхьуйра ламаз а дина, дIасабахара накъостий, хIусамдега а, иштта кхана Iуьйранна новкъабовла безаш болчу гIебартошка а садаIийта…
II
Ахбуьйса йаьллачу хенахь, нохчийн обаргана хезира кертахь йаьлла гIовгIа. Меллаша шен топ караоьцуш, кора йисте вахара иза. Керта веара масех бере, царна йукъахь цхьаъ хиллера Хьапагожан зуда Сююмбике.
– Кута, и хIун гIовгIа йу арахь йаьлларг? – гIебарточун карахь а йара дIатоха кийча топ.
– Со суо а вац цкъачуна кхеташ. Хьапагожин зуда цIа йеана, амма со кхеташ вац буьйсанна стенна баьхкина уьш, цул совнаха говраш а йу церан гIора дайна. – лерина корах ара а хьоьжуш, жоп делира Кутас.
– Хьапагоже хатта дезара вай – элира кхолладеллачу хьолах сагатдеш волчу гIебарточо.
– Собар де. Нагахь санна вай оьшуш хилахь, Хьапагож ца олуш Iийр вац.
Дукха хан йалале къона ламанхочо Хьапагож волчу дIакхайкхира Кута а, Мисост а, ишта церан накъостий – Тан а, Тембот а. Чергизо воьхна вара, амма хьешашка шен дагара ца хаийта гIертара иза.
– Хьапагож, муха ду хьоьгара хьал? Чевно сагатдеш-м вац хьо? – хаьттира хилларг хIун ду хаьа сатесна волчу Кутас.
– Сингаттаме хIумма а дац. ХIусамнана цIа кхаьчна. – шега делла хаттар тергал ца дан гIертара Хьапагож.
– Дика ду тIаккха, сингаттаме хIума ца хилчхьана, амма нагахь санна цхьаъ хиллехь, тхоьх лечкъо ца оьшу хьуна. – элира Кутас, ткъа цо аьллачух реза хилла, кортош теIош бара гIебартой.
Накъосташа къамел дечу хенахь, чоьхьайелира Сююмбике. Шен хIусамден накъосташна тIейахара иза:
– Кута, марша вогIийла хьо! Хазахета хьо а, хьан накъостий а тхан хIусамехь гуш. Со цIахь ца хиллехь а, шуна дика хьошалла дина хир ду аьлла тешна йу со.
– Хьо а йогIийла маьрша, сан йиша. Хьапагожа элира тхоьга хьо ден цIа йаханера аьлла. Муха Iаш бу вайн гергара нах? ХIун ду ногIийн арахь? – хаьттира обарга, зудчун бIаьра а ца хьожуш.
– Дика ду ша дерриге а. Сан да-нана а, тхан гергара нах а Каспийн уллохь бехачу ногIийн тойне бахана. ЦIахь цхьа а вац.





