На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

Автор
Дата выхода
25 октября 2023
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.
Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Тхуна йукъара цхьа накъост цуьнца виссира, ткъа тхо Мухарбис делла омра кхочуш деш, гIо деха арадевлла. – бехказала вахана, дийцира шайна хиллачу бохамах лаьцна къона ногIийчо.
– Нийса арадевлла. Шу массо а дойур дара цара, тIаккха хиллачунна тIаьхьа а кхууьр вацара цхьа а – элира Хьапагожа.
– Муха йу хьан цIе? – хаьттира Кутас, шен керла ногIийн накъостий бовза лууш.
– Сан цIе Калибек йу, ткъа хIара Хьасан ву – вовзийтира шаьшиъ къона ногIийчо.
– Кхолладеллачу хьолах вай кхеташ ду. Бохам мичахь хилла а вайна хууш ду.
– ТIаккха? Аралелхий вай? – хетарехь Тембот сатесна вара кхераме некъ йуьхьарлаца.
– Шу ГIебарта дIагIо. Кхузахь, Хьапагож волчохь шортта адам ду. НогIийшна йукъахь а бу дика къонахий. Адам оьшуш хьал дац вайгахь – элира Кутас Мисосте, ткъа гIебарто-м шен буйнахь топ а къуьйлуш, велакъежира:
– Кута, цу къамелашна хан ма йайа. И гIуллакх къасто вай цхьаьна доьлху, ткъа вайца кхин а мила вига веза хьуна а, Хьапагожна а дикох хуур ду.
Цо аьлларг тIечIагIдеш, кIоршаме вистхилира Тан а:
– Тхо а доцуш, цхьа а цхьанхьа а воьдуш вац!
– Шу цу йукъаийзо ца лаьара суна. Со суо шуна ма-гарра гIатталуш вац, цундела чергизой гулбе аьлла нах дIахьовсийна ас. – бехказала воьдуш, элира Хьапагожа.
– Чергизой а оьшур бу. Хан йалийта мегар дац вай.
– Кута, Армавирехь Iаш Хачатур ву хьуна. Иза вайн къомах схьаваьлла, чергизойн эрмало ву. Хьуна дагавогIу хир ву иза. Цунах теша мегар ду хьуна. – элира Хьапагожа, ткъа гIебартой-м церан къамелана йукъа ца лелхара, хIунда аьлча царна цхьа а вацара Армавирехь вевзаш.
– ТIаьххьара маца хиллера хьо Армавирехь? – хаьттира Хьапагоже Кутас. Хетарехь хIинцале цхьаъ дагатессинера нохчийн обаргана.
– Ахшо хьалха хиллера. Стенна хоьттура ахь? Хьо цигахь хилла а ма ца даьлла цхьа шо а. Бакура цхьа анархист лоьхуш дара-кх вай цигахь. – жоп делира Хьапагожа.
– Армавир йоккха йурт йу. ТIебаьхкина нах дукха хуьлу цигахь. Цигара туьканашка оьху даима луларчу станицашкара гIалгIазкхий.





