Главная » Серьезное чтение » Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь (сразу полная версия бесплатно доступна) Мзия Ратиани читать онлайн полностью / Библиотека

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
2 чтения

Дата выхода

25 октября 2023

Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам.

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.

Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш.

Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.

Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар.

ХIора а заманехь хиллачу къизачу тIемашкахь, буьйсанан боданехь гучудовлу седарчий санна гучубовлуш хилла нохчийн къонахий. И къонахалла наноша аганехь дуьйна кхиош хилла берашкахь. КIилло хилла дуучу дуьненан мах хетта бац нохчашна цкъа а. Нохчо дегIаца а, сица а кхиар чолхечу хьелашкахь хилла, амма хIете а иза нуьцкъалла а тоьлла а хилла Кавказ къар йан оьхучу мостагIел.

Ишта сица а, дегIаца а турпалалла шегахь йолуш веана кху дуьненчу Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута а.

Цуьнгахь дегIан хазаллел а, лаккхарчу син-оьздангаллел а, майраллел а кIоргера Iилма а хилла.

Мел зама дIаэхарх, оьрсийн Iедалан Кавказан хьокъехь йолу политика цкъа а хийцайелла йац. Цу Iедалан лаам цхьаъ бу – Кавказан къаьмнаш шайн историх, маттах, Iилманах, оьздангаллех дохуш, уьш сийсаза дар.

ХIара книга, шеко йоцуш боккъалла а Кавказан жайна лара мегар ду, хIунда аьлча кхузахь автора цхьа а озабезам боцуш гойту хIора а Кавказан къоман сирла ламасташ, гIиллакхаш, амалаш.

Гойту церан барт а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Другие книги автора

Понравилась эта книга? Познакомьтесь с другими произведениями автора Мзия Ратиани! В этом разделе мы собрали для вас другие книги, написанные вашим любимым писателем.

Похожие книги