Главная » Серьезное чтение » Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута (сразу полная версия бесплатно доступна) Мзия Ратиани читать онлайн полностью / Библиотека

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
0 чтений

Дата выхода

08 июня 2022

Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/

Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Лоьран корматалла йолчу Ратиани Мзияс, дерриге а дуьненна дийцина мел сийлахь хилла Кавказан кIентий, мел лаккхара хилла Кавказан хIора а къомера къонахийн доьналла. Кху книгин агIонашкахь Мзияс а, Мурмана а литературни исбаьхьа дашца, буьззинчу барамехь гайтина Кавказан обаргаша латтийна къиссам, церан лехамаш, цара гайтина хилла доьналла.

ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна.

ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.

Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг.

Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.

ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.

Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.

Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Другие книги автора

Понравилась эта книга? Познакомьтесь с другими произведениями автора Мзия Ратиани! В этом разделе мы собрали для вас другие книги, написанные вашим любимым писателем.

Похожие книги