На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Цхьаьна Iаьнан дийнахь, Кута Дика волчохь хьошалгIахь волчу хенахь, Дика волчу баьхкира цуьнан накъостий а, генара гергара нах а. ХIусамдас доккха шун хIоттош, ламанхойн ламастехь тIеийцира хьеший. Нохчийн кхача, хьаша-деца йолу марзо – цу лаьмнийн гIиллакхо шатайпа марзо а, синтем а боссабора кийра, шерашца къийлина гIайгIа ша бIаьстенца гIура санна йостуш. Кхузахь кхолладеллачу вежарралин, доттагIаллин хьелашкахь гулбеллачерийн кхетам дIалецира цIеххьана самабевллачу дагалецамаша. Шаьш теш хилларг а, шайна хезнарг а вовшашка дийца буьйлабелира ламанхой.
Ломара Бенара веанчу цхьаьна хьашас дийцира гуьржийн латтанашна тIелатар диначу хенахь, Iаьржачу суьйлиша йийсаре лаьцна дIайигна йолу гуьржийн йоI маьрша йаккхарехь шен дас дакъа лацарах лаьцна.
Делан къинхетамца а, Имам Шемалан масех наибан гIоьнца а йоI шен да-нана долчу цIа кхачийра. Цу дийцаро хIоттийна тийналла йохош, вистхилира Дикин кхин цхьа хьаша – Олдара дишни:
– Ирсе чаккхе йолуш хиллачу цу гIайгIане дийцаро кхин цхьаъ дагадаийти суна.
Дуккха а хан йара Кута цуьнан терго йеш волу. Джонхас къамел а кIезиг дора, нагахь санна дича а цуьнан къамел доца хуьлура.
– Шуна йукъахь дукхох болчарна ма-хаьара со йохка-эцар лелош ву, цундела дукха дIасалела. Со Бакухь а хилла, Гуьржийн махка а воьду сих-сиха, массийтазза ГIажарийн махкахь а, Хонкарехь а хилла. ДIадаханчу шеран аьхкенан чаккхенехь со сайн йохка-эцаран гIуллакх эцна Гуьржеха кхечира. Цигахь сан саца дийзира сайн дика накъост сван волчохь. Маьрша Сванетехь иза волчохь хьошалгIахь вара со. Цьаьна дийнахь Эланийн Сванетехь тхо долчу хенахь, тхо сан доттагIчун Местера накъост волчу чудахара.
Со нохчо ву аьлла шена вовзийтича, цо цецваьлла хаьттира:
– Хьо а кIантана тIаьхьа веана?
Со цо дуьйцург ца кхеташ, сайн доттагIчун бIаьра хьаьжира. Сан доттагIчо къамел кхечу хорше дерзо гIерташ, куьйг ластийра:
– Сан доттагIа совдегар ву, хьо волчу а тхо йохка-эцаран гIуллакх бахьанехь даьхкина – шен накъостан белшах самукъне куьйг туьйхира цо.




