На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Ахиян вашас Асхата ша цхьаьна гIуллакхе вахана схьаваллалц садаIа элира Куте:
– Тхо долчу Iуьйранна хьошалгIа веанера Сванетера Ахиян доттагIа. Делкъа хенахь иза Гелйастано олучу кIотаре вахана. Цигара эла Урусбиев волчохь той хир ду, ткъа цу тойнехь Ахиян накъостан балкхархо тIехьиза йоI хир йу.
Иза цунна йевзинера, йоI Сванетехь марехь йолу шен дейиша йолчу хьошалгIа йеанчу хенахь. Цундела ваха лаьа суна цига, масане хуьлу, ловзарехь цхьаъ хилахь а – бехказалла вахана элира Асхата.
– Вало, цхьаьна воьду вайшиъ! – Элира Кутас, хантIера шен шаьлта а нисъеш.
Кута а, Асхат а Гелястано кхаьчначу хенахь, зуда йалийна той доьдуш дара. Уьш диллинчу кевнашка кхаьчначу хенахь тIелецира, ткъа церан дой садаIа даьхнийн керта дIадигира. Кута а, Асхат а чоьхьавелира. Тайп-тайпанчу кхачанах йуьзна стоьлаш рагIу бухахь а, иштта арахьа а лаьттара, ткъа уггаре а беза хьеший арахь ца буьтуш чубугуьра. Хьеший-м йерриге а Кавказера гулбеллера. Кхузахь Кутина бевзарш а бара шортта: чергизой, гIебартой, хIирий а, масех гIалгIа а.
Шен накъосташца Кута Iаш волчу стоьла йисте веара хIусамда балкхаройн эла Урусбиев Навруз.
– Нагахь санна тхайн къоман хьаша ас дIавигахь, шуна вас-м хир йац? – лерина хьаьжира иза нохчочун накъосташка.
– Тхо даккхийдина а девр дац-кх аш охачул цуьнан дукхох терго йахь – велакъажарца хьалагIаьттира Асхат. Навруз нохчийн обаргаца чоьхьавелира. Кута кора йистера стоьла хьалха охьа хиира, кхузара дIахьаьжча, арахь хуьлуш дерг дика гуш дара. Шеца цхьаьна стоьла хьалха Iаш берш Кутина бевзаш бацара, амма уьш тайна адамаш долчух тера дара, цара совнаха хеттаршца новкъарло ца йора обаргана.
ЦIехххьана гIовгIанца чоьхьавелира кечвелла цхьа ламанхо. Цуьнан духарца гуш дара иза эла хилар. Массаьрга а лерина хьоьжучу цуьнан бIаьрг Кутина тIехь сецча, велакъажаро сирла йаьккхира цуьнан йуьхь. Кутина а сиха вевзира хьаша. Иза вара гIебартойн эла Клишбиев Аслан. Амма эла хиларо новкъарло ца йора цунна Кутица нийсса обаргалла лело.




