На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ХIинца а хуьлучух кхеташ воцучу Мушнинна тIеведира Ахия:
– Нохчийн къоман ламаст ду: нагахь санна цара бIаьргашна гина а воцуш, дагца доттага хьаржинехь, цуьнан доьналлин лаккхара мах хадош, уггаре а деза совгIат до цара. Фатикаца хьайн дахаран некъ дIакхехьа сатийсинера ахь. Кутас иза хьуна йала а йина. ХIинца иза хьан йу! – Ахияс доггах маракъевлира шен доттагIа…
Мушнис Фатика йалийна той кхаа буса даздеш дара. Кхин а масех дийнахь доттагIий болчохь хан а йаьккхина, сван шен нускал а эцна Кавказан дукъа тIехьхула цIа ваха новкъавелира.
– Со цкъа а текхна вер вац шуна хьалха долу декхара – Мушнис бIаьрг туьйхира кертахь гулбелалчу шен накъосташка. – Кута, ахь сан дахаран маьIна а, сан ирс а йухадерзийна. Тахана хьо бахьанехь сайн са дIадала а кийча ву со! – маракъевлира цо обарг.
Сурт диллинарг Айтек Дуг
– Ма къинхетаме хилла соьца АллахI! Цхьаьна дийнахь хIусамда Мушни а, доьналла долу нохчийн ваша Кута а вели-кх цо суна – Фатикан Iаьржачу бIаьргашкахь кхерстара ирсан алу.
Кута хIинца а дагалецамийн йийсарехь вара.
– Дер деза ас Мушнина а, Фатикина а делла дош кхочушдеш, уьш болчу хьошалгIа ваха.
– Кху деношкахь лаьмнашкахь доккха ло ду, вайшиъ Мушнинна тIе кхачалур вац. Масех де хьалха сванийн тоба дукъа тIехьахула кхуза сехьа йаьллера. Сванашна хазахета моьтту суна дарцашкахула лела. Уьш кестта шайн цIа гIур бу, цаьрга хабар дохьуьйтур ду вай, хьо со волчохь Мушнига хьоьжуш ву аьлла – жоп делира Ахияс.
Сванетера Ратиани Мушни
Иттех де даьллера Кута Ахия волчохь хьошалгIахь волу. Кхолламан беттан чаккхе йара иза. ГIурано лаьцнера латта. Цу дийнахь Ахия шен хьаша а цхьаьна жимма волавала араваьллера. Накъостий гIаш Абайн бIов йолчу агIор бахара, шайна тIаьхьа говраш а йуьгуш. Арахь цхьа йекъа шело йара, маьлхан зIаьнаршлахь дато бос бетташ лепара диллина доккха ло. Черекна а гайтинера гIурано шен ницкъ. Ахканан шина а йистехь ша бинера.
– Кхайкха везаш ца хиллера вайшиммо Мушни, де дийне мел долу а чIагIйала мегаш йу шело, цундела тамаша бу и вайна тIекхачахь – элира доккхачу дукъе а хьоьжуш Кутас.





