На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– ХIан-хIан! Оццул гIелвелла а вац со, Кутас со хIунда кхайкхина хIинццехь ла ца доггIал – элира Мушнис, лерина шен нохчо доттагIчун бIаьра а хьоьжуш. Цуьнца реза хилла корта лестош вара Хергиани Дато а.
– ТIаккха-м, хетарехь вайн суьйре дикка йахлур йу аьлла хета суна – велакъежира Ахия.
НеIсагIехь лаьттачу шен вешин кIанте а хьаьжна, хIусамдас элира:
– Цундела чай даима а довха а хила деза!
Буьйсанан тийналла хьаьрчира хIусамах. Массо а Куте ладогIа кийча вара. Нохчийн обарга дийца долийра ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву:
– Ши кIира хьалха цхьа нохчо волчохь со хьошалгIахь волчу хенахь, суна хиира Геловани Илико гуьржийн эла волчохь закъалтана лаьцна нохчийн жима кIант хилар.
– Тхуна хаьа цунах лаьцна – гIайгIане шен доттагIчуьнга Датога хьаьжира Мушни. – Масех бутт хьалха, нохчийн цхьаьна совдегара дукха ахча дара цу кIантах луш, амма къена эла ша аьлачунна тIера вер волуш вац – элира Мушнис, геналле бIаьрг бетташ.
– КIант иэцалур вац. Иликонна ахчанан мах ца хета дукха хан йу – къамелана тIевирзира Хергиани. – Суна хетарехь и хаттар ДадешкеланигIара къастор дара. Ма-дарра аьлча, цара дакъазадаьккхина а дара ГелованигIеран тайпа. Цхьаьна хенахь Дадешкилиани Тенгиза цхьа чIогIа доккха гIуллакх дина хилла боху Геловани Иликонна, цундела иза цунна хьалха декхарийлахь ву.
– ДадешкелианигIар болчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлу кхарачойн эла Крымшамхалов – элира Мушнис.
– Крымшамхалов Ислам суна дика вевза! Тхойшиъ доттагIалла лелош а ву – хазахийтира Кутина. ХIинцалц вистхилар доцуш хиллачу хIусамдас элира, Кутина сатийсам бохош:
– Схьахетарехь, Илико Геловани кIоршаме стаг а ву, ша аьллачунна тIера вер волуш а вац.
– ТIаккха вай нуьцкъала цуьнан хIусаме чу а девлла, кIант Куте дIалур ву-кх – дIахьедира Мушнис.
Ах буьйса йаьллера. Пешахь лелхачу дечиган тата бен ца хезаш, йуха а тийналла йоьссира.
– Со бахьанехь цхьаьна а стагаца шу девне ас довлуьйтур дац.





