На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ШолгIачу сарахь хьеший Сванетера ДадешкелианигIар болчу кхечира. Хаза тайина церан хIусамна гонаха йина лекха керта йара, ткъа уьйтIахь лаьттара кху махкахь уггаре а лекха лоруш йолу бIов. Кевнаш схьа а диллина, царна дуьхьал веанчу ламанхочо хIорш муьлш бу а ца хоттуш, чубигира.
ДадешкелианигIеран ков-керт вуно хаза кечйина йара. Гуш дара иза бехаш болчу нехан ков – керт хилар. ЦIенна гонаха а, кертан йистошкахула а дIадийна шортта тайп-тайпана дитташ а, зезагаш а дара. Ткъа цIенна тIехьара гуш дара говрийн доккха божала а, пхьалгIанаш а.
Беха некъ бина хьеший жимма дег меттах доккхуш боллушшехь, цIийнан ламитIехь гучувелира цIен чоа а дуьхна, гIеметтахIоьтина стаг. Цуьнан гIодайуккъехь дихкина дара дашо хIур биллина доьхка.
Крымшамхалов Ислам шена гушшехь иза хазахетарца ламитIера охьахьедира:
– Дала бакъ де суна суна гуш дерг! ХIара ма доккха совгIат ду – мохь туьйхира цо.
Ислам а, Кута а хIусамдена дуьхьал вахара, ткъа ши эла дегайовхонца маракхийтира.
Дадешкелиани Татархан воккхавийна а ца волура кхарачойн элас шена хьошалла дарна:
– Делахь, боккъалла а ма доккха совгIат хили суна ахь дина хьошалла – олура цо сих-сиха.
Цуьнга куьйг луш Дадешкелианина гира нохчийн обарган и кIоргера хьежар.
Дадешкелианин хIусам йан а йара боккъалла а эла вехачу хIусамах тера. Хьешан цIенна нийсса йуккъехь лаьттара папан дечигах йина горга стол, ткъа цунна гонаха дара Iаьржа тIаьрсиг тоьхна гIанташ.
Ткъа чоьнан малхаблен агIор доьзалан да Махвши охьахууш волу кечдина леккха гIант. Хьешан цIа сирла доккхуш, догура иттанаш чIурамаш.
Ткъа стоьла тIера чимтоссургана чохь кIур бетташ Iуьллура еза тонка чохь луьлла.
Хьеший йуучух кхетта, жимма садаIа паргIат битира, ткъа буьйсанна папан дечигах йиначу, кхачанах кечйинчу йоккхачу стоьла хьалха охьахевшира уьш. Татархан лерина хьаьжира шен хьешашка:
– Ислам, нагахь санна хьо со волчу кху нохчочунца веанехь – Куте хьаьжира иза, цхьаьна гIуллакхо соьгара гIо оьшуш араваьккхина хир ву-кх хьо?
– Татархан, ахь нийса боху! Хьогара гIо оьшуш араваьлла ву тхойшиъ.
– Гуьржийна къена эла Геловани Илико волчохь ши шо ду закъалтана лаьцна нохчийн бер долу.





