На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ткъа цIеххьана шена хантIе кхозучу тепчан мукъа тIе куьйг а дуьллуш иза хьалаиккхира:
– Со вала велла! Кута ма ву иза! – йоккхуш йерг шен цIе йоцуш санна меттаха ца волуш Iаш волчу нохчочунна тIера бIаьрг ца боккхура эпсара.
– Мила Кута? – цецваьлла хьоьжура шен веше Татархан.
– Нохчийн обарг Кута ву-кх! – шен ваша ша дуьйцучух ца кхетарна оьгIаз оьхура Джансуг.
– Хьуна вевза иза? – йуха а цецваларца веше хаттар дира Ислама.
– Вай хьанна ца вевза иза? – цIеххьана мохь беттачуьра соцуш, меллаша жоп делира Джансуга.
– Ма эхь ду иза! Суна-м ца воьвзу иза – цхьаъ дагадеана леррина нохчочуьнга хьоьжура эпсар.
– Со кхуза чоьхьа воллушшехь и сайна мичахь гина те бохуш, цуьнан терго еш Iаш вара со – велакъажарца стоьла хьалхара гIоттуш, хьешашна тIеволавелира эпсар, ткъа йуха Куте куьйг кховдош, цо элира:
– Буро а, Грозная а гIопашкахь массо а меттехь хьан суьрташ ду, ткъа хьан коьртах хIоттийна боккха мах а бу. Оьрсий кхоьру хьоьх, амма ламанхоша хьан сий до.
– ХIан! ХIинца вайна массо а вовше дика вевза – велавелира вист ца хуьлуш, Iаш хилла эла.
– Ислам, хьо тан доттагIа ву. Тхан дас Тенгиза чIогIа гергарло лелийнера хьан деца. ХIинца дуьйна хьан накъост Кута а тхан доттагIа хир ву. И кIант цу йийсарера маьрша ваккха мел а дукха ахча кхоор дац оха – шайн къамелана реза болуш, вовшашка хьоьжура ДадешкелианигIар.
– Ас кхана Геловани эла волчу а вахана дуьйцур ду кIантах дерг – ша бина сацам бовзийтира Татархана.
Iуьйре йекхна йара, амма делкъехь чIогIа йохлур йу. Сванетехь бIаьсте хьалххе йеанера Кавказан дукъа тIехьачул. Эланан кертахь заза даьккхинера стоьмийн дитташа, ткъа керла йаьллачу бецан баьццарчу куза тIехь даьржинера бес-бесара зезагаш. Геловани волчу массо а цхьаьна гIур ду аьлла сацам бира хьешаша. Дадешкелиани шен хьешашца а, иштта кхин болчу уллора накъосташца а эла Геловани Илико кхечира. Кхаьрга хьоьжуш хилча санна, сиха схьадиллира кевнаш.
– Маршалла ду хьоьга, сан хьоме Илико! – куьйг кховдийра цуьнга Татархана. Къеначу элане маршалла хаьттира Ислама а. Кутас корта таIийра, амма куьйг ца кховдийра.
Массаьрга а лерина хьажарца, гуьржийн элас уьш стоьле кхайкхира.





