На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Делера салам-маршалла хуьлда! Хьо верг ву-кх хьо! Элийн сийллалий, ламанхочун сонталлий цхьаьна ийна стаг хьо бен гина вац суна – велавелира Кута.
Тайп-тайпанчу даарех йуьзначу стоьла хьалха охьахевшира накъостий.
– Эла, хьан нахана сехьа чохь йуург кечйина – элира Мушнис.
Пхьор деш накъосташа доттагIаллин хьелашкахь, мерза хан йоккхура, дIаэхнарш, хилларш дуьйцуш. Йуучух кхетта а девлла, накъостий шаьш биссича, эла Мачутадзес элира:
– Дика хаамаш бохьуш веана вац шуна со. Обарг Кута Сванетехь хиларах лаьцна Гелованис оьрсишка хаам бина.
Массо а кхетара кхолладеллачу хьолахь, цундела Александра аьллачунна дуьхьал ца хилира цхьа а.
– Маца дагахь ду шу новкъадовла? – хаьттира Мушнис.
Эла Мачутадзе Александр
– Цхьа мIаьрго а эрна дIайахийта йиш йац. Буьйса йуккъе йаханчул тIаьхьа, уьш Ушгулехь хир бу. Ас новкъахь битина сайн нах церан терго йан.
Мушни сиха аравелира обарган говр кечйан. Кхин деха къамелаш ца деш, накъостий дIакъаьстира. Гуьржийн эла Мачутадзе нохчийн обарг Кутица цхьаьна Ланчхутина уллора шен дай баьхначу Нигоити йуьрта дIавахара.
БIаьстенан буьйса екхна йара. Лаккхарчу Сванетин лаьмнашкахь мел герга дара седарчий. Хеталора куьйг кховдийча, ша байтIера зезаг санна и стиглара баккхалур бу. Ушгулира охьанехьа беш болу некъ чолхе бара. Беттасан серло йацахь-м муххале а кхераме хир дара. Ломара ши бере аренга ваьлча, царна дуьхьал баьхкинчу эланан наха хаам бира Лалхорара эскархой Ушгули йолчу агIор дIагIерташ бу аьлла. Мачутадзеца хиллачу масех свана тоба Местияна гуо баьккхина, кхечу некъахула йигира.
– Кута, вай хIинца Мингрелехь ду. Кхузара гена йоцуш сан доттагIа вехаш йурт йу. Иза волчохь жимма соцур ву вайшиъ.
– Со хьан хьаша ву, цундела ахь дIагIо аьллачу дIаваха кийча а ву – реза хуьлуш жоп делира Кутас.
– Со волчу Нигоити дIаваха кхин а масех де деза вайшинна.





