На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Ткъа хIара нохчийн обарг, сан доттагIа Кута ву! – обарг вовзийтира Александра шен девешина.
– Довта-МартантIера Кута! – куьйг кховдийра нохчочо гуьржийн къеначу элане.
Цуьнан куьйг дIа а ца хоьцуш, Мачутадзе леррина хьоьжура цуьнга:
– Суна чIогIа хазахета хьо гина а, вевзина а – кIеда вистхилира иза. Хьох лаьцна дукха диканиг дуьйцу Гуьржийн махкахь, цундела массарна а лаьара хьо ган. – Куьйг дIа а ца хоьцуш, шена улло охьахаийра цо обарг.
– Хьо герз карахь доцуш шайна гича, гуьржишна хьо мазгIар ву моьттира – велавелира къано.
– Кута, хьо герз доцуш гича, хьо обарг хиларах теша хала ду тхуна – элира элас, шега схьакховдийна ларча дIа а йостуш. Цу йукъахь Iуьллура детийца кхийлина доьхка а, гуьржийн говзанчаша йина шаьлта а, шен хумпIарчохь оьрсийн эпсарийн тапча а.
– Ахь гуьржийн эланан кIантана совгIат дина хилар хууш, суна а лаьа хьуна совгIат дан.
– Боккъалла а доккха баркалла хьуна, эла, иштта доккха совгIат суна дарна. ХIинца санна хIара совгIат оьшуш мIаьрго йацара сан дахарехь.
Къена эла а, Александр а, Кута а керта арабевлира. Леттачу чиркхаша къагийнера адамех йуьзна керт:
– ХIара массо а нах вайн гергара бу. Царна лаьа хьоьца къамел дан. Даарах, маларах кхеташ, цаьрца хан йаккха хьайна лаахь, нагахь санна уьш хьайна кIордийча, садаIа дIаваха мегар ду хьуна, ткъа кхана хьо волчу хьуна бевзаш болу гуьржийна обаргаш богIуш бу хьуна – хазахетарца хаам бира Александра Куте.
Iуьйранна сатасалле араваьллера Кута, ломара хIаваан марзонах Iаба. Гуьржийн жима стаг тIевеара цунна шегара хIун гIо оьшу хатта. Жима стага Мачутадзен латтанаш гойтуш, жимма волавала вигира иза.
Уьш жимачу кевнашкахула кертара арабевлира. Жима стагана баркалла а аьлла, Кута гу тIе хьалавала ойланца йуьртах аравелира.
Поти агIора схьахьоькхучу хIорданан мохо деана и цIена хIаваъ дIаийнера стоьмийн бошмашкара схьаоьхучу цу мерзачу хьожанца. Кхузахь, Колхетин арахь цхьа шатайпа синпаргIато хьаьрчара берриге а кхетамах, са а, дегI а цIиндеш.





