На нашем сайте вы можете читать онлайн «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Историческая литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута

Автор
Дата выхода
08 июня 2022
Краткое содержание книги Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Мзия Ратиани) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Горцы» — «Кавказан баххьаш» романехь дуьйцу XIX-гIа бIешеран чаккхенехь а, XX-гIа бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ болчу исторически хиламех лаьцна. Романан коьрта турпалхой бу цу хиламашкахь дакъа лаьцна болу нах. Кху книган коьрта чулацам бу Кавказан обаргаша Паччахьан Iедалан къизаллина дуьхьал латтийна болу къиссам, церан доьналла, йаьхь, майралла. Цу турпалхошна хийра бацара муьлххачу а адаман кийрахь кхоллало синхааамаш — безам, доттагIалла, сатийсам. /Акаев ИсмаIал/
Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Шеко йоцуш книгас гойту ламанхойн чолхе дахар, цара лайна халонаш, социальни харцо, цара шайн ницкъ мел бу нийсо бахьанехь латтийна къиссам.
Романан коьрта турпалхочун Довта МартантIера обарг Кутин дахар кхерамах дуьзна ду. Даима Iедало лар толлуш хилла иза дукхозза йамартлонна а тIенисло, амма хIете а иза цкъа а ца воьхна шен доьналлех, цо цкъа а дахаран диканех ца хийцина шен лаккхара мехалаш.
Цуьнан син-оьздангаллин тIегIа инзаре лекха дара. Тахана кху шалхонан, харцонан тойнехь цуьнан сирла васт масала хила хьакъ ду.
Со теша, баланаша зийначу, цIий хьуьйдина Кавказан лаьттахь къонахийн хIу хедар ца хиларах.
Акаев Вахьит, философин Iилманан доктор, профессор
Сурт диллинарг Айтек Дуг
Обарган новкъахь
Шийла буьйса —
Меца кийра.
Дайна гIора,
ГIийла говр а.
Тоьпан гIап а,
Шаьлтан ботт а.
Буьйса Iаьржа
Стиглахь седа…
Дуьне-эхарт,
Упханан тхов а,
Кошан барз а,
КIайн марчо а.
Шийла тIулг а,
Iаьржа верта.
Йоьду зама —
Дог ду цхьалха.
Ненан бIаьргаш —
Шийла шовда.
Деле воьхуш —
Йиша йоьлхуш.
Буьйса Iаьржа,
Борз а угIу…
Шена кIант а
Дена оьшу.
Буйнахь шаьлта,
Топ а, тапча…
Дехен лазам —
Деган чов.
Боьхна новкъахь
Обарг лела —
Цхьалха тIулг а
Хилла шийла.
Йилла къоман
Лекха, чIогIа —
Дехе сийлахь
Лекха бIов…
Ирс а доьхна
КIант а лела,
Шовдан йистехь
КIудал йеса…
Акаев ИсмаIал
Дешхьалхе
Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар.




