На нашем сайте вы можете читать онлайн «Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар

Автор
Дата выхода
09 марта 2023
Краткое содержание книги Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
300 забаре доца дийцарш а, масех катрен а йу дешархочунна автора шен гуларехь йовзийтуш. Нохчийн къам даима хилла шайн бегашца а, самукъане хиларца а къаьсташ, эрна ца аьлла Александр Дюмас нохчех — «Кавказан французаш».
Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна? – ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.
– Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх! – кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.
Воккха стеган кхаж.
Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь.
– Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна, – элира воккхачу стаге жимчу зудчо.
– Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара, – ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.
Вон зуда.
Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза! – дов дора воккхачу стага шен зудчунна.
– Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц! – бехказа юьйлура зуда.
Разита.
Курсийн куьйгалхо Разита реза йацара, хьехархоша шера ца аларна:
– «Иштта» а олуш, майрра ала дош!
– Разита, «дуй хьуна!» ала ца мега!
2021 шо.
1ашхой-мартанхочун забар.
– Хьажахь, дукхавахарг, х1ара х1ун юрт ю? -хаттар дина катархочо валаргхочунга.
– Валарг ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
– Валарг-м шаверг а вара шу, юьрта ц1е йийцахьа, – бегаш бина катархочо.
– Деллахь ца хаа, Валаргий, Катар-Юрт вовашахкхетталца-м иштта ц1е яра х1окху юьртан, – жоп делла валаргхочо.
– Эх1, ткъа х1инца тхан Катар-Юртах шун Валарг схьакхетта ма ели, х1инца х1ун ц1е туьллура ю аша шайн юртана? – хаьттина катархочо.
– Деллахьа ца хаьа. Катархо-Валарг ц1е туьллург хир ю-кх, – жоп делла валаргхочо.
Валаргхойн забар.
– Х1окху юьртан ц1е муха ю эр дарий ахьа, жима стаг, – хаьттира юьртара воцучу цхьана стага ца ваьлла х1окху юьрта нисвеллачу цхьана стага.
– Х1ара юрт Валарг ю, ткъа со валаргхо а ву! – жоп делира жимхас.
«Деллахь, х1окху юьртахь 1аш ма вара и сан цхьа хьаша, иза 1аш волу урам карор бацар тешна» – ойла еш юьртахула волавелира юьртара воцу стаг жимхана жимма гена ваьлча. Дуьхьала йог1у цхьа зуда саца а йина цуьнга а хаьттира цо:
– Хьажахь, яларгхо, иштта ц1е йолу урам стенгахь бу хаьий хьуна?
– Ой, со х1унда ю яларг! – реза йоцуш яппарш йира зудчо.











