На нашем сайте вы можете читать онлайн «Хьехархочун дийцар. Дийцарш». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Хьехархочун дийцар. Дийцарш

Автор
Дата выхода
13 марта 2023
Краткое содержание книги Хьехархочун дийцар. Дийцарш, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Хьехархочун дийцар. Дийцарш. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Х1окху дийцарийн гуларан чу дог1уш долу дийцарш, шадерш бохург санна, вайн дахарехь хиллачунна т1ера йаздина ду. Дицарша хьоьхуш дериг, дахаран халонехь адамаша шайгара адамалла гайтар ду. Нохчийн къам арадаьккхиначу халачу муьрехь зударша а, бераша а шайгара гайтина хьуьнар а йу цхьадолчу дийцарийн коьрта мехалла.
Хьехархочун дийцар. Дийцарш читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Хьехархочун дийцар. Дийцарш без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Хьуна муха хиира со директоран меттиг къуьйсуш воций?
– Хьо Дала поэт хила кхоьллина ву. Нуьцкъала хьо директор х1оттийча а, ахьа баттахь а бийр бац х1ара болх. РОНО-хь а шарахь бен ца хьевелла хьо, итт шо хьалха делахь а, – кхин цкъа а оьзда елакъежира жима зуда.
– Ткъа стенгара даьржина и эладита, со директоран меттиг схьаяккха веина ву аьлла? – хаьттира ас хьекъалечу жимчу зудчуьнга.
– Хьайн лулахошца бертахь 1е, я меттиг хийца, – хьехар дира жимчу зудчо.
– Со бехк боцуш бехказа вийлалур вац цхьанна а хьалха, – элира ас.
– Суна-м хаьара ахь иштта жоп лур дуй. Х1окху харцдуьненан стаг вац хьо. Дала аьтту бойла хьан, – ойлане хилла, готтачу уьчахула д1аяхара хьекъале жима зуда шен кабинет йолчу аг1ор.
«Адамашца тарвала веза!» – тхайн ненан хьехар дагадеара суна хьехархойн чоьнехьа д1авоьдуш.
– Ваша, ваша, – т1аьхьакхойкхуш хийтира суна берех юьззина йолчу уьчахула со схьавог1уш.
Со вухавирзича, пхоьалг1ачу классера жима к1ант вара соьга цхьаъ-м ала г1ерташ.
– Х1ун боху ахь, жима стаг? – сецира со.
– Хьоьга арахь кхойкхуш цхьа ваша ву-кх, – хаийтира к1анта.
– Баркал, жима стаг, баркал, – мукъавитира ас к1ант.
Со ишколан уьйт1а ваьлча, соьга хьоьжуш лаьтташ со чохь 1аш волчу г1ишлон да вара.
– Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, х1ара ишта нисдаларна. Масех шарна аьлла чувахийтинера ас хьо х1усаме. Делахь а, и х1усам парг1атъяккха дезар ду хьан цхьана-шина дийнахь. И тхан к1ант аьлча а, оцу мер1уьргана зуда ялор чудоьссина-кх.
– Со х1усамехь 1ерна ишколо ахча д1аделлий хьуна? – хаьттира аса.
– Ахча-м, дера, хир дацара х1окху ишколера. Иза-м оьшуш а дацара, – бехказвуьйлура и.
– Дика ду, ас директоре сайна кхин х1усам лаха эр ду. Х1окху юьртахь еса лаьтташ дукха г1ишлош ю бохуш вара иза, – ас олуш къаьстира тхойшиъ.
Ишколехь-м директор карор вацара – ас мобилан з1е туьйхира Махьмуде.
– Еса лаьтташ г1ишлош шортта ю юьртахь. Ас завхозе омра дийр ду. Шек д1а а ма вала хьо! – дош луш, сан сапарг1атдаьккхира директора.
Амма де а д1аделира, шиъ, к1ира а. Завхоз а вара, эса дайна етт санна, корта а оллийна, бехкалвахана кеп х1иттош:
– Ванах, и цхьа ц1а доцуш висина накъост ма 1ийра вайн ишколехь, шена цхьа чоь а тойина. Божа вара и, Бомжа вара и – ц1е а яра цуьнан цхьа тамашийна. Оцу чохь цхьа зудчун бахьана а далийра цо.











