Главная » Серьезное чтение » Хьехархочун дийцар. Дийцарш (сразу полная версия бесплатно доступна) Вахит Хаджимурадов читать онлайн полностью / Библиотека

Хьехархочун дийцар. Дийцарш

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Хьехархочун дийцар. Дийцарш». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

Краткое содержание книги Хьехархочун дийцар. Дийцарш, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Хьехархочун дийцар. Дийцарш. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Х1окху дийцарийн гуларан чу дог1уш долу дийцарш, шадерш бохург санна, вайн дахарехь хиллачунна т1ера йаздина ду. Дицарша хьоьхуш дериг, дахаран халонехь адамаша шайгара адамалла гайтар ду. Нохчийн къам арадаьккхиначу халачу муьрехь зударша а, бераша а шайгара гайтина хьуьнар а йу цхьадолчу дийцарийн коьрта мехалла.

Хьехархочун дийцар. Дийцарш читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Хьехархочун дийцар. Дийцарш без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Къайлаха аса йовзийту шуна оцу к1отарна кхоьллина самукъне «хутор Веселый» аьлла ц1е яккхан мегаш дара и к1отархой уллохь болуш а. Г1езийн к1отар алар-м, оцу хин йисттехь 1уьллучу к1отарарчу нехан алссама, г1ези1 олуш долу маьхьарен з1аькардаьхни хилар хила а мегара. Делахь а, оцу к1отархошна хезаш яккхан йиш яцар-кха нохчийн к1отаран ц1енна нохчийн ц1е, шайна киййчча дов ца дезахь. Мелла а генуо, тилла ца валийта, оцу хинйистеша охьавахача, базар х1оттал йоккхачу юьрта а кхочура. Ярташ-м оцу хинца охьашершича, «Мусин г1ожмаш» санна ю, делахь вайн оцу ярташца кхин бала а бац.

Тут будет реклама 1
Цхьана б1аьстан довхуочу бахаран дийнахь оцу з1аькардаьхнин ц1е йолчу к1отаран лакхахь йуьллучу юьртара 1андаркъа ц1е йолу цхьа ламро вара лахенга охьаг1ерташ. Вуткъа веха ламанхочун беха чо болу кхекхан куй г1ажна буьххье кхоьссича санна хетара. Охьаохкаделлачу куйнт1ера детта чоьшна юккхера схьагуш мелла а т1едаьлла мердукъ а, хьалахьаьвзина луьста 1аьржа ши мекх бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ г1овтал а яра лохара т1емаш, х1ара техь 1аш волчу к1айн басахь виран, букът1ехула дехьий, сехьий охкаделла.
Тут будет реклама 2
К1айн вир хоьртала делахь а, цуьнан букът1ехь г1овталан т1емаш к1елахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш т1ехула т1екхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламрочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам г1еметта х1оьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ яра, гихь кхозуш.
Тут будет реклама 3
Малх-м дика айбеллера базара воьдучу 1андаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар х1уттучу юьрта, ткъа вирахь-м и вир к1айн басахь делахь а, генуо яр-кх. Виран болар, амалаш евзаг верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен к1айн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел ч1ог1а шена шед, еттарх, шен деха к1айн лерг д1аухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара х1ара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура уо шен болар – ц1ехьабоьдучу новкъахь.
Тут будет реклама 4
Кхин йолч меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша 1андаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара х1ара. Дуьххьал д1а базаран юккъехь волалуш ч1ог1а самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де х1ора дийнахь хилча а, к1ордора дацара цунна дийнахь сарралц цу юккъехь лелан. Цуьна юьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш д1абохка. Ткъа х1ара-м вацара ур-аттала п1елг п1елгах д1атоьхна х1ума дийра долуш.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Хьехархочун дийцар. Дийцарш, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Другие книги автора

Понравилась эта книга? Познакомьтесь с другими произведениями автора Вахит Хаджимурадов! В этом разделе мы собрали для вас другие книги, написанные вашим любимым писателем.

Похожие книги