На нашем сайте вы можете читать онлайн «Болатан Зараъ. Повесть». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Болатан Зараъ. Повесть

Автор
Дата выхода
01 марта 2023
Краткое содержание книги Болатан Зараъ. Повесть, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Болатан Зараъ. Повесть. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Болатан Зараъ» ц1е йолу повестан барамехь произведени йазйина 2005 шарахь. Произведени лерина йу ХIХ б1ешарахь Нохчийнчохь хиллачу къийсамна. Ломанан йуьртара нохчийн 300 б1е динбере новкъа волу, аренгарчу йарташна т1елеташ паччахьан 1едалан эскар ду, аьлла хезина. Автора шена хилан тарлуш ду аьлла хетарг ду, произведенина т1ехь гойтуш дериг.
Болатан Зараъ. Повесть читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Болатан Зараъ. Повесть без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Мила дийна ву а ца хаьъа, мила вийна а ца хаьъа! Яккхийн тоьпаша х1оъа бетташ б1арзвинера шаверг а! Божарша а, дукхачу зударша а герз карахь дуьхьало йира оцу т1еман к1урна юккъехула. Царах х1ун хилла а ца хаьа тхуна-м, – легашкахь хорам хилла хала дара Хьавана къамел дан.
Йоккхачу стаге садо1ийтуш Висита айбавелла некъаца охьахьаьжира. Йист ца гуш дукха бара мух1ажарш. Дошлой а говрашкара биссина шайн гергарнаш лохуш буьйлабеллера.
– Баба, тхо даханза ца довлу… шу ломарчу ярташка хьалакхачалур дуй-те? – хаьттира Виситас.
– Х1умма а дац, жима стаг, тхо-м т1амана к1елхьара девличахьана меллаша д1аг1уртура дара. Шу ма к1езига ду-кх оцу Делан мостаг1ашна дуьхьала, яккхийчу тоьпашна дуьхьала. Шортта т1емлой а гулбина дан дезар-кха царнна та1азар, оцу хьаькхийн хьожа йог1учу эскарна, – шен корта, лозуш санна, лестабора йоккхачу стага.
– Баба, шун некъ цу Везчу Дала нийсбойла! Тхо ца дахача ца довлу х1инца! Тхайга х1ун дан ло хьовсур тхо! – олуш айбавелира Висита.
Оцу хенахь жимма дехьа, хьуьна юккъехь ц1аьххьана зударийн тийжар хезира, цхьаммо-м мохь а олуш.
– Х1ун хилла, Ваха? – хаьттира Виситас.
Куьйгашца корта а лаьцна хьуьна юккъе д1аволавелира Ваха, дуьхьала х1ума а ца олуш.
– Зударий, х1ун ду кхузахь хилларг? – алан кхиъира Висита, зударий д1аса хилира сихха.
Доккхачу наж диттана бухахь юькъачу бецана т1ехь 1уьллура куьйгаш д1аса а тесина вуьрх1ийтта шо хир долуш йо1. Цуьнан г1ода юккъехь озийна йихкина шаршу хилла к1адийн кесаг яра.
– Йоккхачу тоьпан х1оъанан гериг кхетта вон чов яра цуьнан, кхуза а дика схьакхаьчна и, – элира зударех цхьамма.
– Гергара стаг вуй цуьнан кхузахь? – хаьттира Виситас.
– Со ю цуьнан нус, Зулай… Иза тхан юьртан эчиган пхьеран йо1 ю… Сецира жима зуда, шен майрачуьна йишин, марден а ц1е яккхан ца лиира цунна.
Уллохь лаьттачу баккхийрачу зударша т1етуьйхира:
– Малика ю оцу йоь1ан ц1е…
– Идалан йо1 ю и.
Висита юьстаха а кхайкхина Зулайс цхьанна а ца хозийтуш хаъийтира Виситина:
– Гуьйранна Вахина хан йиллина яра Хаза йо1.
Висита ца кхетта хетадела т1етуьйхира цо, йистехьуо хьуьна юккъехь лаьтташ волчу т1емлочунна т1е п1елг а хьажош. – Д1о лаьтташ ву иза.
Х1инца Висита кхийтира, Ваха юьстаха валаран бахьанах. Цхьажимма витина а иза ша вуьтуш лаха охьаволавелира х1ара.











