На нашем сайте вы можете читать онлайн «Болатан Зараъ. Повесть». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Болатан Зараъ. Повесть

Автор
Дата выхода
01 марта 2023
Краткое содержание книги Болатан Зараъ. Повесть, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Болатан Зараъ. Повесть. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
«Болатан Зараъ» ц1е йолу повестан барамехь произведени йазйина 2005 шарахь. Произведени лерина йу ХIХ б1ешарахь Нохчийнчохь хиллачу къийсамна. Ломанан йуьртара нохчийн 300 б1е динбере новкъа волу, аренгарчу йарташна т1елеташ паччахьан 1едалан эскар ду, аьлла хезина. Автора шена хилан тарлуш ду аьлла хетарг ду, произведенина т1ехь гойтуш дериг.
Болатан Зараъ. Повесть читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Болатан Зараъ. Повесть без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Жимчу Зараъин Сирдинан-м цхьанна самукъадолура г1аш эгна чекх са гуш елахь а, хьуьна юккъехула лам буьххье хьодуш, детин з1аьнарша туьйсуш долчу седарчашца а, боккха корта болу можачу баттаца а къуьйсуш. Тешамен а, самукъане а доттаг1-дин карийнера жимачу Зараъина, амма къоначу йоь1ан б1аьргашна чохь даима а хаъалора сингаттам. Накъостий мехкарий шайн безамаш карош а, маре оьхуш, шайн дахаран некъ билгала боккхуш бара. Зараъина кхочушдерг мехкарийн шабар-шибарш бен дацара. Висита кхин Теркана дехьа ца вахара, шен даьхни а, ирзо а лелош тийначу дахаре ваьллера и.
– Ванах, Виса, хьо цхьана а йо1ана т1ехьаьвзаш а ма вац! Хьо зуда ялон дагахь а вац?
– Амма Виситас бегаш бора дуьхьала:
– Сайн йише кхочуш ериг ца карийна суна х1инца а! – олий.
«Ткъа, нагахь Висас боккъал а зуда ялаяхь, аса х1ун дийр ду техьа?» – ойлано хьовзайора Зараъ наггахь.
Дуьххьара шийла денош а кхечира эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:
– Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна.
– Ахьа х1ун дуьйцу, дада? Ма кхераехьа со! – б1аьрхи хьаьдира йоь1ан сирачу б1аьргех.
Йо1 ден куьйг буйна а лаьцна 1аш яра, гонаха хуьлуш дерг г1енаха долуш санна хеташ.
Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:
– Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан. – Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа.











