На нашем сайте вы можете читать онлайн «Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ

Автор
Дата выхода
05 марта 2020
Краткое содержание книги Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хьусайн Шовхалов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
— Самукъане доца дийцарш. — Хаза чулацам болуш ду. — Баккхийчарна а, кегийчарна а дог1уш ду. — Кху дийцарш хьекъал а, кхетам а ло. — Кхара хьекъалан мах бовзуьйту. — Ойла я 1ама во.
Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Цхьана стага аьлла:
– Ма хаза бу-кх бутт!
Цо и олуш хезначу стага элира:
– Дер бу-кх, къаьсттина буьйсана хазо бу иза.
13. Цхьана стагана бераша делла аьрзу
[3 - – Орёл]
ловзош гинера. Цо иза цаьргара соьмах эца а эцна ц1а даьхьира. Ц1ахь цуьнан нанас хаьттира цуьнга:
– Делла аьрзу х1унда эцна ахь, х1ун дан воллу хьо цунах?
К1анта элира:
– Ахь х1ун дуьйцу? Х1ара дийна делахьара б1е соьмах эцалур дацара хьоьга.
14. Цхьа стаг хьаж дан Макка ваха араваьлла хилла. Цуьнан 1одика еш цуьнан к1анта аьлла цуьнга:
– Дукха хье ма лолахь ц1а ца вог1уш.
[4 - – Г1урбан дийнахь хьаж чекхдалаза хуьлу, г1урбан дийнахь хьаж деш верг Маккахь хила везаш ву.]
.
15. Цхьана стага аьлла:
– Шина куьйга т1е охьавоьжна ши куьг бехдина ас. Аса и шиъ эзарза дилча а, и шиъ ц1анлур ма дац, аса шозза диллалц.
16. Цхьана стага б1ар кагдича, б1аран чкъуьйриг кхоссаелла д1аяхна. Цо элира:
– Ла ила?х1а иллалло?х1, ма доккха х1ума ду-кх, х1ор х1ума 1ожаллех йоду-кх, чохь са доцург а.
17. К1ант веана хилла карахь котаман к1орни дохьуш:
– Хьовсийша кху к1орнига, шен ненах ма тера ду х1ара!
Цул т1аьхьа юха элира цо:
– Цуьнан нана сте ю те, я боьрша ю те?
18. Цхьана стеган нана д1аяьлла, цуьнга кадам беш гулбелла нах хилла.
Царна т1евеара цхьа стаг вела а воьлуш, самукъадаьлла. Наха цунах цецбевлла хаьттира цуьнга:
– Ахь х1ун леладо, хьан стенах самукъадаьлла?
Стага элира:
– Суна д1аваьлларг х1ара
[5 - – Еллачу зудчуьнан к1ант]
ву аьлла хезнера, ткъа кхуза схьакхаьчча х1ара воцийла хиъча самукъаделира сан.
19. Цхьана стага аьлла:
– Тхан тхов т1ехь дахк бара тхуна новкъарло еш. Цхьана стага молха дийцира соьга цунна дуьхьал. Аса и молх тесначул т1аьхьа дехкан «къурд» хезна дац тхо, – элира цо, «г1овг1а» ала воьлла.
20. Цхьамма аьллера:
– Селхана х1аваъ шийла дара вайна, делахь а суна-м хаа ца делира иза.
21. Цхьа стаг хилла Багдади
[6 - – Иракера г1ала]
веана, т1аккха ц1ахь волчу шен дега кехат яздинера цо ша дика д1акхаьчна аьлла. Т1аккха и кехат ше дега д1акхачо цхьа кара ца вина, и кехат эцна ша шен да волче веана цо цуьнга элира:
– Соьгара хьуна хабар д1акхачо цхьа кара ца вира суна, ткъа сайгара хабар хьуна хье ца далийта, айса схьадеана ас хьуна айса хьоьга яздина кехат, – аьлла, шен дега ша яздина кехат д1аделира цо.
22.










