На нашем сайте вы можете читать онлайн «КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА

Автор
Дата выхода
18 ноября 2020
Краткое содержание книги КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ХЬУСАЙН ШОВХАЛОВ) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
— Къуръан дешар йоккха сийлалла ю — Къуръан дешарх йоккха ял хуьлу — Къуръан доьшуш верг Аллах1ана герга вахна ву — Къуръан дешар доккха ирс ду — Къуръан доьшуш верг лаккхарчу даржехь хира ву — Къуръане ладохаран йоккха ял ю — Къуръанах лаьцна хаза дийцарш
КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу КЪУРЪАН ДЕШАРАН ДОЗАЛЛА без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Цундела, таханаъ ахь хьехна къуръан хьан мут1еламаш хьохуш ду. Къад ялар, хало хилар, бераш дог эт1а дар, хьарца лелар, и дериге хьо йоккха стаг йолушехь ла ловш, царех самукъа долуш, Делан дуьхьа Делан къуръан хьийхира ахь. Дала диканца бекхам бойла хьуна ахь Ше къуръан хьехарн.
Иштта со кхиинчул т1ехь со 1илм 1амо вахийтина, суна цу т1ехь г1о диначу тхай нена вашан Хьусайнан а совг1ат до аса х1ара жайна. Бусулба дина т1ехь ахь само ца яйтинехьара, 1илма деша ца вахийтинехьара, цу т1ехь г1о а ца динехьара, жималлехь айса 1амийна къуръан гуттар диц делла хила мегар суна.
Цундела, х1ара жайна сайн беркатечу ненан Асетин а, сайн хьалхарчу ларамечу къуръанан-хьехархон Пет1матин а, сайн нена вешин Хьусайнин а совг1ат до аса. Дала х1ар жайна шун дикачу 1амалшах дойла. Кхуьнан ял шун дикачу 1амалех хуьлийтийла.
Дела реза хуьлда шуна массарна!
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Хастам бу Аллах1ана вайна Къуръан деллачу. Цуьнца вайн дахар серладаьккхинчу. Цуьнца вайна ирс деллачу. Цуьнца дуьне а, эхарт а вайна довзийтинчу. Цуьнца вайх къинхетам биначу.
Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан ох1луна а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбана а къемат де даллалц.
Лараме бусалба нах!
Бусалба доцу дерриге халкъаш вайх хьоьгуш ду, вайгахь долчу ни1матах. Иза шайгахь цахиларна вайца хьаг1 йолуш а бу. И ни1мат Сийлахь-деза Делан Къуръан ду.
Дала иза делла Шеца ийман диллинчу наханна. Вай ду-кх уьш. Вай Аллах1аца ийман диллина бусалбанаш ду.
Лараме бусалба стаг! Къуръан дешарна йоккха ял ю, еза 1амал ю иза, сийлахь х1ума ду. Дала Шен Къуръан деша аьлла вайга. Иза дешаран дозалла билгал а дина вайна. Делахьаъ, тахана вай Къуръан дешар т1ехь г1ийла ду.
Х1унда аьлча нахана ца хаьа шаьш Къуръан дешча шайна мел яьл хуьлу, ткъа хаахьара цара иза доьшур дара. Цундела, хьуна г1оьнна ду х1ара жайна, х1ай бусалба ваша, йиша. Хьайна Къуръан дешча мел ял хуьлу хиъча, хьо иза дешар т1ехь кхин а сутара хир вуй хаьа суна.










