На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Ишколехь хьехархоша ИбрахIим даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара кIанта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, ИбрахиIма кхочуш до ша нийат дина тIелаьцнарг – институтан метта цо эскар хоржу.
ИбрахIима ишкол чекх а йаьккхина аттестат схьаэцначул тIаьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу йуьрта дIабахара. КIант берхIиттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше йерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма ИбрахIим ша аьллачунна тIера вер волуш ца хиллера.
Сий
Йийначу цхьаьна зудчун метта
ЧIирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….
I
ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а йаздина доцу ламасташ а, йукъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард йу.
ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу йуьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост йара маре йаха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.
Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш йацара шен машен лело.
ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара йуьйхира.
Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира.





