На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхерайеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самайаларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо йуханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ
– ДIайахийта сиха машен, сихо йе! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!
ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара.
Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIайахийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш.
– Сиха чуховша! – мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.
Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.
Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:
– Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тийссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а.
ИбрахIимна-м хIара накъост шена Дала цIеххьана доссийна гIо хетара, амма хIете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне йукъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна тIаьхьакхиъначул тIаьхьа шайн гIуллакхна йукъа ца гIертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира ИбрахIимца.





