На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш йуха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша арайаьккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна йаьлла хаза йоI.
Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьайалош веанчух цхьаммо иза дIахIотта йеза меттиг билгалйира.
– Цара хIун леладо?! – бохуш гIовгIа хезира адамашна йукъахь.
Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, йахана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша йашийна шен къона, хаза йуьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан йаьлла йелахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда.
– Со кху йоьIан нана йу… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла йерг, суна а де…
Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.
– Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза йаккхахь!
Хедас йелакъажарца марйоьллира шен йоI:
– Ма дийца Iовдал дерг, Зарган! Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.
Божаршна йукъахь хезаш шабарш дара.
Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина йуххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира.





