На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…
Акаев ИсмаIал
2001 шо
Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал
ДА А, КIАНТ А
Хьалхара книга
Iадат
I
Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура йурт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан йара массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам.
ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара йаханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш йара генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе йаьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий.
Ткъа йуха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин йухавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза йан гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац.
Заурбек ша цу девнехь чIогIа лазийна воллушшехь, Iедалан кхелах ца велира – цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш кIезиг йацара. Догин гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца Iаш, тоьпан дIаьндарг а дегIах чекхйаьккхинера.
Iедалан кхеле хIара гIуллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел йара йоьдуш – цигахь сацам беш Догин гергара нах бара. Цара чIагIо йира шайн аьтто ма белли Догин чIирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара Iедалан кхел чекхьйалча, Iадатан кхел хир йуй, ткъа иза кхуьнан цIий Iанорца бен кхочуш хир йоций а.
Кху заманахь чIир лехар иза дицдан хьашт долу къиза Iадат хета.





