На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Автор
Дата выхода
17 ноября 2021
Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
СаьIида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йоI Зарган а, кIант ИбрахIим а.
Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Догин гергарчу нахаца барт бан гIертара кхи дIа хин долчунах лаьцна, хIунда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца гIиллакх лаьцна ма вара Даймахка цIа верза йиш йоцуш.
Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а йаьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен йуьртам-м.
Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхйаьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а йерзийна, нехан цIентIе дIайахара Зарган а.
Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах.
Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа йукъаметтиг…
Нохчийн массо а Iадаташна йукъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду.
Шайн стеган карах веллачун гергара нахана тIекхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу.





