Главная » Серьезное чтение » Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман (сразу полная версия бесплатно доступна) ИсмаIал Акаев читать онлайн полностью / Библиотека

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
8 чтений

Дата выхода

17 ноября 2021

Краткое содержание книги Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (ИсмаIал Акаев) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла — ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-йарра сийна йара, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….

ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо.

И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира йуха а и гIиллакх цаьрга кховдо.

Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь йуьссура.

Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин цIергахь догучу дагна ца лаьара оццул чIогIа шен дас сатийсина йолу мIаьрго тховса шена ца гуш тIехъйалийта…

Машенийн а, автобусийн а йеха могIа новкъа йелира. БIе шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу гIуллакхан чаккхе хилла цIа дерзар нислойла шун бохуш…

Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот йалале, кхуза кхечира Iаьржачу басахь «Волга» машен.

Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна йукъара милла а цхьаъ шега вистхила йуьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца йеш Заурбекан воккхах волу кIант СаьIид дIахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-паргIат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира.
Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча йаьлларг ткъа минот бен хан йацара. СаьIид машенчуьра охьавоьссира, цунна тIаьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолгIаниг оьрси вара. Советан Iедалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго йеш даима а цхьацца оьрси а хилла.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги