На нашем сайте вы можете читать онлайн «ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Серьезное чтение, Современная проза, Современная русская литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Автор
Дата выхода
02 декабря 2020
Краткое содержание книги ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хьусайн Шовхалов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
— Хьижаб фарз ду — Хьижаб дохар деза 1ибадат ду — Хьижаб лаладарн йоккха ял ю — Зударий беза хилар — Зударийн сий дар — Хижаб лела цадарн бахьан — Бусалба дино зудчун дина сий — Хьижабан нийса куц
ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Х1аъ, дера дуй хьижаб бусалба динехь зудчуьн доккха 1ибадат! Х1аъ, ю дер, Делан дуьхьа хижаб доьхнарг Далла 1ибадат деш, цо и хьижаб лела маьл до!!
Цундела, цхьа а тайпа гатто еш х1ума хьуна хьайна т1едиллина моттара хьуна ниц1къ бархьам, хало ярхьам, нийса дац хьан, х1ан-х1а, иштта дац иза, эзарза иштта дац иза!!
Дала хьижаб хьуна т1едиллина хьо Шена кхиъ ч1ог1а герга яийтархьам, хьоьга ялсман атта яккхийтархьам, хьо хьайн духарца Шена 1ибадат деш хилийтархьам, иштта кхиа дуккху пайданашна дуьненахь а, эхаратехь а хьуна хира болу Дала т1едиллина хьуна хьижаб леладар.
Цундела, фарз духар зударшна т1едиллина декхар хилар билгал а деш, хьижабан т1екхоьллина х1уманаш юх а тухуш, цунах нийсох дерг хьуна билгалла а деш, хьижаб доьхча хьуна хуьлу ял йовза а йовзуьйтуш, фарз духарца хьо д1акъовлаелча хьо дезчу 1ибадатехь хилар билгалла а деш, х1ара жайна яздо ас хьуна, х1ай сайн лараме бусалба йиша!
Дала бусалбачу наношна а, йижаршна а пайде дойла х1ара жайна, хьижаб дохаз йолучунна иза т1едохар кхунаха бахьан а дойла, хьижаб доьхначунна кхунаха кхаъ а бойла, иза леладарн т1ехь г1о а дойла, и массо х1ума кхочуш дан ниц1къ болуш вукх Сийлахь-Лекха Дела.
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
7.10.2018 ш.
БУСУЛБА ДИНАС
ЗУДЧУн ДИНА 1УНАЛ
Хийлаза зударшка бусалба динехь царна т1ехь дерг хьахдича, цара олуш хезна суна «И дин тхуни бен доссина дац те»? Цунна бахьан цхьаъ ду, даиманна зударша дан дезарг дуьйцу божарша, церан декхарш дуьйцуцара, амма дино церан хьакъ даздеш хьахийнарг ца дуьйцу царна, я дуьйцу, делахьаъ, вукхуьнца дуьстийча, х1ордан чуьра т1адам барамехь санна хуьлу иза.
Цундела, зударшна х1ара дин дазделла, кху динан белхаш базбелла, «шеш бен Дала х1умма хьахьа цадина те цу къуръан чохь» – аларан т1е бахкина.
Делахь а, иза иштта дац, бусулба зударий Дала Шен динехь дукха ч1ог1а базбина, лерина бийцина бу. Зударшна, бусалба динехь шех лаьцна дерг довзахьара, ма боккха кхаъ хира бара царна цунах! Ма цец боьвра бара уьш! Ма ч1ог1а лаьрра шаьш Дала аьлла дага дохур дара царна! Иштта и хьижаб а леладарн дазалла царна хиъча, самукъа а долуш леладийра дара цара из.
Цундела, бусалба дин далле зудчуьнна хадош хилла маххи, бусалба дин деача, цо зудчуьн хадийн маххи хьахора бу ас, бусалбачу наношна а, йижаршна а Дала шайн мел лакхара мах хадина довзуьйтуш.
БУСУЛБА ДИН ДАЛЛЕ
ЗУДЧУН ХИЛЛА МАХ
Зуда даиманна г1ийлачу хьолехь латтош хилла цхьадолучу къаьмнаш.










