Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Языкознание. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
5 чтений

Дата выхода

15 марта 2023

Краткое содержание книги Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках), аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках). Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Вахит Хаджимурадов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Некоторые произведения данного сборника публиковались отдельными изданиями. В данной публикации читателю предлагается ряд публицистических, аналитическо-критических статей по произведениям современных чеченских писателей и ряд авторских аналитических работ. Х1окху аналитикан а, публицистикан а белхашна т1ехь гойту нохчийн х1инцалера яздархойн произведенеш, иштта авторан а цхьацца публицистикан статьяш.

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Хетало дийцарехь вайна хьалха х1уьттун долу суьрташ 1аламат тамашена, я инзаре хир ду, амма автора вайна гойту сурт дахарехь хила тарлуш а, хуьлуш долчех мог1арера хиламийн сурт ду. Делахь а Эльбрусан дийцаран турпалхой а бу, массо а адам санна ша тайпа шайн амалаш йолуш, оцу амалийн бесарийн башхаллашца мехалла а бу уьш дешархошна. Соьга хаьттича, коьрта турпалхоша санна шен дуьненан кхоллам лохуш, дуьненчохь санна дийцаран аг1онашна т1ехь шен меттиг д1алоцуш ву ша автор а. Аса лакхахь ма-аллара, автор ву наггахь 1индаг1 санна дийцаран аг1онашна т1ехь хаалуш а, наггахь коьртачу турпалхочун Эминан вастаца, амалца д1ауьйш а схьавог1уш.

Делахь а билгала дериг ду, автор Эминан вастах шавериг а д1аийна ца хилар. Дийцаран мог1аршлахь шена лерина меттиг хилийта дуй а ца хаьа, автора Эминан васт мелла а эшош кхоллар. Сурт доккхуш санна, геннара шен турпалхой Саидий, Шемаллий гайта безначу киртигехь, меттехь шена хьалха тотту автора Эмин, цо шена автора т1едиллина и декхар кхиамца кхочуш а до. Амма синлозамо, къинхетамо дог 1овжочу меттехь Эминан уллохь делахь а, цуьнца ийна делахь а, г1улч хьалха хилла а цунна хьалха хуьлий а автора шен дог 1овжадо шена дукха безаш болчу турпалхойн къинна шен дог лозадо.
Билгал долуш ду Эминан безамаш, къинхетамаш цхьана Саидийца бен доьзна доцург, амма авторан синлазам хьаьрча Саидех санна Шемалан декъазчу дахаран хиламех а. Кхин цхьаъ а ду, Эмин Шемалца жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиъна велахь а, юьртахо велахь а, кхин доттаг1алла цаьршимма лелош дацахь а, цо Саида ялорна цунна къинт1ера ца волу Эмин дахаран дохаллехь.
Цуьнан бахьна а вайна дика гуш ду, Эмин ша а ву Саиде болу къайлаха безам шен дагчохь къуьйлуш, дешархойх цо и мел лечкъорах а гуш ду иза а «…б1аьрзе ца хилар…» къона Саида ца гуш, аьлча а, къайла-къулаха ца езаш и ца хилар а. Т1аьхьа дахаран халонийн хиламаша а, ша шен бен ца гуш, ша бен дуьненахь кхин х1ума ца дезаш хиларна а оьшуш, дахарна к1елавуьсуш схьавог1уш велахь а, къаьсттина къона волчу хенахь Шемал Эминал онда ву амалашца.
Цунна тешалла ду, масала, Шемалас мало а ца еш «йо1 йовза шена некъ а лохий» шена хазахетта йолу йо1 Саида ялайо. Саидина а, Шемална а, ур-аттала ша-шена а гучубаккха ца ваьхьа Эмин шен йо1е болу къайлаха безам. Дийцаран дешархошна а схьакъийдабо цо и Саидех лозуш долу са санна, къинхетам санна. Оцу масалана т1ехь а гойту Эминас шен ледара, мела аг1о.

Коьртачу турпалхойн вовшашна юккъехь йолчу уьйрашна т1ехь хилла ца 1аш кхин цхьа аг1о а ю Эминас шен ледара гойтуш.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках), и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Другие книги автора

Понравилась эта книга? Познакомьтесь с другими произведениями автора Вахит Хаджимурадов! В этом разделе мы собрали для вас другие книги, написанные вашим любимым писателем.

Похожие книги