На нашем сайте вы можете читать онлайн «Ламазан догIа». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Психология, мотивация, Религия и духовная литература, Религии / верования / культы. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Ламазан догIа

Автор
Дата выхода
06 декабря 2023
Краткое содержание книги Ламазан догIа, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Ламазан догIа. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хьусайн Шовхалов) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Х1ара жайна х1ора бусалба стагна а, йо1на а оьшу жайнан ду. Х1ора х1усамехь хила дезаш жайна ду х1ара. Х1ора бусалба к1антан а, йо1ан а хаа деза Iилма ду кху жайни чохь. Дас-нанас шайн доьзална 1амо деза х1ума ду кху жайни чохь ду. Ламаз дечун хаа дезаш долу коьрта 1илма ду кху чохь. Х1ара жайна ламазан кечам барх жайна ду, кхулла т1аьхьа шоллаг1а жайна а хира ду ламаз муха дан деза хьоьхуш, ламазах хаа деза дериг х1ума шена чохь долуш, Далмукълахь
Ламазан догIа читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Ламазан догIа без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– Амма делчу адами дег1 я цуьнан меже нажас яц, иза бусалба я кериста хиллехь а, стаг я зуда хиллехь а.
– Къе белла ч1ара, къе делла ц1оз а хьанал ду, нажас ца лору и шиъ. Цундела, белла ч1ара карабахь, я делла ц1оз карадахь, и шиъ яа хьанал ю. Амма ч1ара жима балахь цхьауз кхаллар бен боцуш, цуьнан кийрахь дерг даа мегар ду. Амма ч1ара боккха балахь цхьауз кхалларца бериг д1акхаллур боцуш, т1аккха цуьнан кийрара нажас д1аяяккха еза.
– Шен меже яьккхича шен охь 1енаш ц1ий доцург а нажас яц.
Амма уьш хи чохь дукха ялахь, уьш елла ялахь, уьш бахьна долуш хи хийцаделлехь, т1аккха хи нажас ду. Хийца цаделлехь нажас дац.
Амма шен охь 1енаш ц1ий доцург елла йолуш хичу кхоьссича и хи нажас хуьлу, амма и хи 200 литр далахь, хи хийцаделла дацахь, т1аккха хи т1ох1у?р хуьлу.
10-ДИЙНА ЙОЛЧУ ДИЙНАТЕХ СХЬАЯЬЛЛАРГ
Дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла йолу муьлха меже нажас ю, х1унда аьлча иза къе елларг санна йолун дера. Пайхамаро, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дийнат дийна долуш цунах яьккхинарг къе елларг ю»[31 - – Хьа?ким, 4/239.].
Вайна даа хьанал долу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла шура, мас, чо, т1арг1, пух, хьацар а, багар шат а ц1ена ю. Амма цуьнан ма1, м1ар, берг[32 - – Копыта.] я кхиерг нажас ю.
Амма даа хьанал доцучу дийнат дийна долуш цунах схьаяьлла цуьнан шур, чо, мас, т1арг, ма1, берг, кхи йолу муьлха х1ума а нажас ю.
11- Ч1АГ1АР
Ч1аг1ар нажас ду, иза кемсех, тамрех, я кхечу х1уманех даьккхина далахь а.
Ч1аг1ар бохург ша мелча вахош йолу х1ума ю. Иштта аларан бахьана, молуш йоцуш амма вахош йолу х1уманаш хуьлун дера ду. Масала: анаша, таблетк, иштта кхин а. Уьш хьарам ю, делахь а, царех хьакхавелча бех цало, х1унда аьлча уьш нажас яц.
12-Ж1АЛА, ХЬАКХА
И шиъ нажас ю. Цершиннах[33 - – Ж1алехи, хьакхахи схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан да-нана ж1алий, хьакхий долун дера.] схьаяьлларг я цершинах цхьаннах[34 - – Масала: хьакхехий, цицигахий схьаяьлларг нажас ю, х1унда аьлча, цуьнан дех-ненах цхьаъ хьакх йолундера. Иштта ж1алица а хуьлу.











