Главная » Легкое чтение » ЧIир. Роман (сразу полная версия бесплатно доступна) Хараев ИбрахIим читать онлайн полностью / Библиотека

ЧIир. Роман

На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
4 чтения

Дата выхода

07 сентября 2022

Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.

ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.

– ХIара а Соьлжа-ГIалахь ду?

– Ду, Яша! Соьлжа-ГIала дика йевза дерриге а дуьнен чохь, ткъа цIейаххана бевзаш болу артисташ, спортсменаш, политикин гIуллакххой хазахетарца оьху тхо долчу хьошалгIа – дозаллица жоп делира Руслана.

– Боккъалла а, доггах чIогIа воккхаве со, шун къомах а, махках, амма даима сан коьртехь лаьтташ хиллачу хаттарна жоп кариний хьуна? ХIун бахьана долуш лачкъийнера хьо хIетахь? Со-м хьал долчу доьзалера ву аьлла, ахча даккха лачкъийнера, ткъа хьо?

– Цу хаттарна жоп лаха веана ма ву со Iамаьрка.

Тут будет реклама 1
Кхузахь ма ду и жоп!

– Кхузахь ду?! – цецвелира Яков.

– Ду! ДагадогIий хьуна, хIетахь цу тоьла чохь, ас сайн шо кхаьчна кIант ву элира-кх хьоьга?

– ДагадогIу дер!

– ХIетахь дуьйна кхин суна гина вац хьуна иза. Иза а цара лачкъийра. Амма суна иза карийна. Сан кIант Лос-Анджелесехь ву.

– Лос-Анджелесехь??? – Яков Iадийнера.

– Лос-Анджелесь ву иза.

Тут будет реклама 2
Цул совнаха, кхин цхьа хIума а эр ду ас хьоьга! ДагавогIий хьуна, цу зуламхошна йукъахь цхьаъ вара-кх йуьхь тIехь туьтмIьажиг йоцуш?

– ДагавогIу!

– Цуьнан цIе Канта йу. Иза кхузахь Лос-Анджелесь Iаш ву, сан кIентан да ву ша а боху цо.

ХIинца кхийтира Яков хIунда веана Руслан Iамаьрка, амма хIара бахьана хир ду аьлла цкъа а моьттур дацара цунна. Яков вехха хьоьжура Руслане. Доггах цунах къахийтира Яковна. Иза кхетара мел чIогIа замано зийна ву Руслан, мел дукха баланаш лайна цо шен дахарехь, амма хIете а диканах дог диллина вац иза, дог чIагIделла вац иза.

Тут будет реклама 3
Къинхетамах, адамаллех вуьззина ву иза. Иза хир йу-кх церан къоман доьналлин къайле – дагатессира Яковна.

– Ас хIун гIо де хьуна? – хаьттира Яковс.

– Яша, суна цкъачуна ца хаьа. Суна уггаре а коьртаниг ду вайшиъ гина а, суна эшначу мIаьргонехь, ваша хилла суна улло хIотта хьо волуш а. Яша, йалхийтта шарахь гIенахь бен гина ма ваацара суна иза… йалхийтта шарахь, ткъа хIинца иза кхузахь ву, кхетий хьо? Кху гIалахь веха иза, кху урамашкахь дIасхьалела.

Тут будет реклама 4
Ма доккха хIума ду иза, Яша…

Йуха а тийналла йоьссира, йуха а дагалецамаша вадийна цу боьхачу тоьлане вигира ши накъост.

– Руслан, кIантаца дерг-м къаьстина даьллера, ткъа цу стагана хIун дан воллу хьо? Оцу Кантина? Цо дахар кагдина хьан, бакъ долуш. Со-м кхоьру, иза гича, ахь цхьа хьашт доцург дарна. Собаре хила веза. ДагадогIий хьуна, ахь соьга олуш, хIора а стагаца дика а, вуо а ду, ткъа Далла иза ша дерриге а гуш хуьлу.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге ЧIир. Роман, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги