На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
– йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана.
– Дика ду! – ца ваьлла реза хилира Витек, цунах дош хир доций ша кхеташ воллушшехь.
Суьйренан таллам биначул тIаьхьа, капитан Гончаровс массеран а буьйса декъала а йина араволуш Руслане а хьаьжна элира:
– Дала аьтто бойла хьан, Дадиев!
ДIадуьйша омра диначул тIаьхьа, салагаш сиха шайн метта хьалабевлира. Руслан маьнги тIера йургIа дIасхьа а ца даржош, йуьхь-куьйг дIадила сехьа чувелира. Цигахь хезира цунна Кравцовн буьрса аз:
– Синош, дIахIиттал могIаре! Мичахь йу и керла йеана йолу боьха хIума?
– ХIан… хан тIекхечи – ойла йира Руслана.
Руслан меллаша чоьхьавелира. Цунна гира Кравцовна хьалха лаьтта виъ бIаьхо.
– Шу виъ сихонца шайн маьнганашна тIе схьала а довлий, дIадуьйша. Аш кхин цкъа а машенаш хоьхкур йац! – элира Руслана.
– ХIун элира ахь? – Iуьргара лаьхьанаш санна, гучубевлира баккхийнаш.
– Шуна хезнарг элира-кх. – кIоршаме жоп делира Руслана, ткъа йуха кхеравеллачу Витекана тIевахара иза, цуьнан жимма а сатеда.
Русланна гира шена тоха Кравцовс айдина куьйг. Руслан охьатаьIира, ткъа цу мIаьргонехь Кравцовн моччахалах буй тоьхна, иза вожийра цо. Минот йалале тIеведда волу кхин сержант, буй къовла а ца ларош Кравцовна улло охьавуьйжира, Руслана тоьхна тIара бахьана долуш.
Тийналла йоьссира казармехь. Цхьа а ваьхьаш вацара Русланна улло гIорта а. Тийналла йохош кхин цкъа омра дира Руслана массаьрга а дIадийша аьлла, ткъа ша Кравцовн маьнга мичахь бу а хаьттина, цу тIе хьала а ваьлла дIавижира.
– Шарахь вай мел лелийнарг эрна хилла, жима кIанта оцу кепара ша дерриге а дохо?
– И кIант бакъ долуш, боксер ву шуна. Вай вейтта массо а цхьаьна тIекхетахь къарвала а мега иза, ткъа вуьшта-м цо Iойла дойур ду вайн. Хьуна ца гира цо хьо муха вожийра, ша кино чохь санна. Иштта Сальков а вожийра. Цхьаьна кIирнахь собар дан деза вай Рыжий схьакхаччалц.
Руслан кхийтира Рыжийца дерг къасто дезаш хилар.
– ХIумма а дацара иза-м. Рыжий а цхьаъ хир ву-кх. Гича хуур ду-кх – набарна тевжира Руслан, дукха ойланаш ца йеш.





