На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Тхан ротас тоьшалла дийр ду Круглов хьуна йетташ вара, ткъа ахь дуьхьал леташ, ца хууш тоьхна цунна. Эххар а кхийтира Руслан Сергейс диначух. Иза цецваьллера муха дагадеана сел сиха и санна дерг саьлтичунна. Куьзгана хьаьжча, ша ца вевзира Русланна – оццул чIогIа йистина йара цуьнан йуьхь. Букъа тIехьа лаьттачу Сергейга мохь белира:
– Ва Дела!
– ХIумма а дацара иза-м, Серега. Цхьа кIира далале меттавогIур вара со-м. Цулле а кхин дIа хIун дан деза дийцахьа.
– Руслан, цкъа делахь къинтIера вала суна, ас хьо лазорна.
Дукха хан йара Гончаровга буьйсанна цхьаммо а телефон ца тухуш. Набарха валанза волчу цунна моьттура цIера, Соьлжа-ГIалара цхьаъ хир ву кхузахь буьйса хилар дицделла зIене ваьлла. Ши бIаьрг ца боьллуш, телефон схьаийцира Гончаровс:
– Алло?
– Товарищ капитан, Дадиев ву со! Тхуна бохам баьлла.
Ахсахьт далале схьакхечира Гончаров.
– Ва Дела, Русик! ХIун хилла хьуна? Пхи бутт бен ца биссина хьуна, сатоха цхьажимма сан диканиг!
Кхин ахсахьт далале командир Гундарев схьакхечира. Иза гучуволлушшехь, гоьзанчас омра дира: «Тийна латта».
«ПаргIат» аьлла мохь тухуш, Гундарев Гончаровна тIевахара, тIаккха Дадиев вевзича, цецваьллера иза:
– Дадиев, хьо вац иза? Хьуна хIун хилла?
Русланна цкъа а йезна йацара харцо.
– ХIаъ, товарищ подполковник! Дадиев ву иза! Суна сайна а ца вевзира иза йуьхьанцара. Оцу кепара эрчаваьккхина иза Кругловс, саьлтишка маршалла хоттуш, казарме чоьхьаваьлла аьлла кхин бахьана доцуш. Гундарев саьлтишка хьаьжира, ткъа цара массара а кортош теIош тоьшалла дира, Гончаровс аьллачунна.
– Мичахь ву Круглов?
– Вехна, тIуртIаз ваьлла каптерки чохь Iуьллуш ву, ша хIун лелийна дагадогIуш а вац… – жоп делира Гончаровс.
Командира омра дира:
– Набарха ваьллачул тIаьхьа, гауптвахте телефон а тохий, ворхI денна дIавига ала иза.
Итт де даьлча, Гончаров командирс тIекхайкхинера, ткъа цигара схьавеъча, Гончаровс Руслане омра дира рота цхьа хаам дIакхайкхо могIаре дIахIоттайе аьлла:
– Накъостий! Россин эскарана Афганистанехь гIо оьшу. Вайн ротин аьтто бу интернациональни декхара кхочуш дан а, Афганистанан къомана гIо дан а саьлтий дIахьажо.





