На нашем сайте вы можете читать онлайн «ЧIир. Роман». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — Легкое чтение, Приключения, Книги о приключениях. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
ЧIир. Роман

Автор
Дата выхода
07 сентября 2022
Краткое содержание книги ЧIир. Роман, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению ЧIир. Роман. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Хараев ИбрахIим) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Кху книгин чулацамехь коьрта меттиг дIалоцу 225 шарна йахйеллачу чIирана йукъаозийна хиллачу шина доьзалан дахара. Романехь гайтина мел ирча тIаьхьалонаш хилла оцу мостагIаллин шен хенахь маслаIат ца карорна. Автора исбаьхьаллин дешан говзаллица довзийтина йешархочунна, мел лаккхара мах дIабала дезна тIаьхьенан дайша летийначу къинойх. Роман зорбане йаьлла оьрсийн а, ингалс а, нохчийн а меттанашкахь.
ЧIир. Роман читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу ЧIир. Роман без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Хийла замано зийначу Русланна а ма ца хаьара эххар а заманан майданехь кху оьрсийн зудчух ша нана эр дуй, цо шен дахарехь маьIне меттиг дIалоцур йуй а. Дала йаздина хиллера кийрахь мел IаьIнарг Руслана къаьсттина цуьнга дуьйцур хилар. Шатайпа ойланаш хьийзара Лидия Андреевни коьртехь а. Шен корматаллин башхалле хьаьжжина, хийла стеган гIайгIанашка, баланашка ладийгIина йара иза, амма тахана санна царех цхьа а цуьнан дагна ишта уллора ца хеттера, хIунда аьлча Русланан а, цуьнан а дегнаш цхьатерра лозура, уьш лаьцна йолу аьчка мIаранаш цхьатерра шийла а, къиза а йара.
ШолгIачу дийнахь Руслана телефон туьйхира цуьнга:
– Бехк ма биллалахь суна. Сийсара дукха ойланаш йинера ас… хIусамехь соьгара гIо оьшуш хIумма а дуй хьан? Масане хуьлу… Хьоьх айса нана аьлла и мIаьрго йиц ца ло суна.
Лидия Андреевна йоьхнера. Ишта дехара йукъа ца догIура кхо кхочуш деш долчу лоьрийн декхаршна.
– Амма со хьан нана ма йац! – йоьхна жоп делира цо.
– Сан доккха цIено ду. Чохь со воцург кхин стаг вац. Хьуна лаахь ас дIайуьгур йу хьо со волчу.
– Амма со хьан нана ма йац! – йуха а дийкира цуьнан диканах дог диллина, гIийла аз.
– Йац. Хьо бакъ лоь. Бехк ма биллалахь со ишта хьайн коча варна.
– Собар дехьа – цIеххьана цхьаъ дагадеача санна тохайелира иза…
Ишта тассаделира церан гергарло. Жимма хан йаьлча, Руслан кхетар ву ша кхолламо эрна валийна ца хилар Лидия Андреевнин неIаре.
Руслан балхахь волчу хенахь, цо наггахь бен ца тухура телефон. Цкъаццкъа СМС хаам йазбора:
– Муха ву хьо, сан кIант олий? Цо хазахетарца Русланна пхьор кечдора.
Цхьаьна дийнахь Русланан чIогIа мехала цхьанакхетар дара Сибрехара мехкдаьттанан компанин куьйгаллица, цундела шен гIоьнчига ша тIедогIучу кхаа сахьтехь хье ма ве аьлла дийхира цо. Амма цхьаьанакхетар доладеллачу хьалхара миноташкахь, Лидия Андреевнигара смс-хаам кхечира: «Руслан, сихонца соьга телефон тоха». Руслан кхийтира цхьа сингаттам ца хиллехь, Лидия Андреевнас и тайпа хаам йазбийр бацара.





