Главная » История » Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том (сразу полная версия бесплатно доступна) Бенедетти Франческо читать онлайн полностью / Библиотека

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

Сталинан къинхетам боцучу чалтача хIинцале буьззину барамехь гайтинера шен къизалла, цкъа ша схьаваьллачу Закавказьехь, ткъа йуха Польшехь, Балтийан мехкашкахь. И меттигаш цо цIанйинера интеллигенцих а, буржуазих а. ГIебартойн-Балкхарехь а, Кхарачойн-Чергизахь а шен тIеман машен зийначул тIаьхьа, цо сацам бира Iаьнан чаккхенехь нохчашца а, гIалгIайшца а дерг къасто.

1943-чу шеран гIуранан баттахь дуьйна 1944-чу шеран кхолламан бутт кхаччалц саьлтий а, НКВД белхалой а Нохч-ГIалгIайчу кхачийнера йалта гулда кечам беш болчухула.

Тут будет реклама 1

Машенаш а, цIерпошташ а хIинцале кечйинера тIеман складашкахь а, аьчка некъийн станцияшкахь а. Ткъа оцу хенахь саьлтий берриге а махкахь гарнизонаш кхуллуш бара.

Чилланан беттан 22-23-чу буса дIайолайелира оьрсийша «Чечевица» аьлла йолу операци, ткъа нохчийн исторехь иза «Ардахар» цIарца йевза.

Цхьаьна дийнахь нохчийн нийсса ах къам даьхний дIасалелочу цIерпошташна чу а доьттина Центральни Ази дIахьажийра. Масех де далале и гIуллакх кхочуш дийр дара тIаьхьадиссиначу къомаца а.

Тут будет реклама 2
Ког ца баккхалучунна йа дIаваха ницкъ боцучунна цу меттехь тоьпаш тухуш йара. Муьлхха а дуьхьало йар эрна дара, ткъа и дуьхьало йан цхьа ойла бен кхоллайелла йоцу йарташ цIе тессина йагош йара, ткъа цигара адам дуьйш дара.

Республикин къилбахь ло хIинца а дашанза долуш, ламанца дIасалела чIогIа хала дара, амма коммунисташа-м хIумма а хало йоцуш, охьалаьхкира адамаш.

Баккхий нах, бераш, зударий, заIаьп нах меттигехь тоьпаш тоьхна бойуш бара.

[12] Нохчийн къоман исторехь цкъа а йоьрзур йоцу чов ю Хьайбахехь НКВД-с гайтина къизалла.

Тут будет реклама 3
ГаланчIожан лаьмнашкахь Iуьллучу цу жима юьртара адам охьадаккха хала дара, амма Бериян омра кхочуш ца дан йиш яцара, цундела шен хьаькамна муьтIахь хилар гойтуш, НКВД эпсара, полковник Гвешианис омра дира 700 стаг божалчохь цIе тессина ваго.

Ткъа дийна цIерпошташна тIекхаьчна болчара дIаболийра кха кIиранна бахбелла шайн Iожаллин некъ.

Даьхний санна бен доцуш, цIерпошташна чу а боьттина дIабуьгуш бара уьш кхо эзар чаккхарма некъ бан, Казахстанан ло хьаькхначу, шийлачу аренашка кхаччалц.

Тут будет реклама 4

20% гергга адам новкъахь деллера. Ткъа дийна биссинарш дIакхаьчначул тIаьхьа, колхозан йистошка охьакиссинера. Цу шийлачу Iай царна тIедожийра шайн куьйга шайна чохь Iан лаппагIанаш йе аьлла. Советан Правительствон омранца хIора баттахь уьш декхарийлахь бара Iедална шайх лаьцна хаам бан, нагахь санна и хаам ца бахь цаьрга ткъа шарна хьоьжуш набахте йара.

Нохч-ГIалгIайчоьнах хIумма а ца йиссира.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги