На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Ишта цIе йолуш дуьненан политически карти тIехь меттиг а йацара. Республика дIа а йаьккхина, цуьнан метта Грозненски область кхоьллинера, ткъа цуьнан кIошташ Кавказера кхин йолчу республикашна йукъахь дIасайекънера. Нохчийн йерриге а культурин а, историн мехала тIаьхьало хIаллак йина дIайаьккхинера: маьждигаш а, хьуьжарш дохийнера, ткъа церан тIулгех кхин йолу гIишлош йуттура. Хьакхарчийн ферманашкахь некъаш дехкинера нохчийн кешнийн кертара чартех.
Къоман истори йуьйцуш, къаноша йаздина а, лардина а хилла тептарш йа дагийнера йа, Москван архивашкахь къайладаьхнера.
Шен къомах йаьлла, буобер санна йиссина Нохч-ГIалгIайчоь сихонца дIайузош йара Кавказера республикийн векалшца. ТIом хиллачу регионашкара нах схьа а балийна, баха ховшийнера кхузахь. Цхьа бIарлагIа санна йиссинера шен къомах йасаелла Соьлжа-ГIала.
Цхьа жимма обаргаш биссинера ламанца. Iедалах лечкъаш бехара уьш цигахь, шайн ка йаьлча, Iедална кIело а йеш.
1944-чу шеран гIуранан беттан 24 -чохь Исраилов а вийнера.
Ткъа нохчийн къам цхьалха диссира Казахстанан пана аренашкахь. Сталин валлалц, нийсса кхойтта шарахь зийра уьш замано нехан махкахь, шело а, мацалла а, къизалла а ловш.
Къаьсттина хала дара вайнахана мацалла лан. Адам хи санна леш дара, шело, мацалла, тиф лазар ца ловш. 1944-чу шарера 1947 шо кхаччалц бIе шовзткъе итт эзар стаг веллера.
Дийна биссинарш цхьаьна шийлачу лаппагIанашна чохь Iаш бара, пхийтта доьзал цхьаьна.
Колхозе балха хIотта аьтто баьлларг-м сатесна хуьлура мацалла ца вала
[13] Яа хIума ца хиларал совнаха, бедарш а яцара нехан. 1945-чу шеран кхолламан баттахь халкъан комиссарийн Гуламан Куьйгалхочун гIоьнчас шен жамIан кехатехь яздинера: тIедуха а, кога духа а дац.
Ткъа Iедало биначу лерина сацамехь аьлла дара махкаха даьккхина къам, шен Даймахка цкъа а йухадерза бакъо йолуш дац.
Нохчашна тIедожийра цхьаъ цхьанна тIаьхьа и тайпа омарнашна бухахь куьйг йаздан.




