На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.
ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.
Оцу кепара, 1954-чу шарахь дуьйна «спецпоселенец» аьлла цIе йалхийтта шарера мел волчу нохчочунна тIера дIайаьккхинера. ХIетахь дуьйна церан аьтто белира, пачхьалкхехула маьрша дIасалела.
1955-чу шеран хьаьттан баттахь дуьйна и маршо еллера тIеман совгIаташ дина болчу хьехархошна а, оьрсишкахь марехь болчу зударшна а, иштта заьIапхошна а.
Кхин мел болчарна хьалха хилла дозанаш диссинера, амма таIзар ткъа шарера пхеа шаре лахдинера. Бехке хиларан кхелан терахь а гIехь лахделлера: 1949-чу шарахь хиллачу бархI эзарна тIера 1954-чу шарахь ткъе пхиъ эзаре даьллера.
Эххар а, 1956-чу шеран мангалан беттан 16-чохь гуттаренна а чекхйелира Ардахаран къиза а, йеха а буьйса.
Лаккхарчу Советан омранца нохчий Даймахка цIа берза хилла бехкам дIабаьккхинера.
Советски Правительствос, нохчий хи санна цIа эха буьйлалахь, хало хир дуй хууш, цхьацца бехкамаш бовзийтира.
1958-чу шарна юкъахь цIа баьхкира дукхох болу вайнах. 340 эзар махках ваьккхина хилла нохчо а, гIалгIа а цу шарахь цIахь вара, амма церан болх бацара, уьш дешна бацара, тIедогIуш цхьаьна а кепара рицкъа дацара, амма хIете а 1959-чу шеран йуьххьехь 83% нохчий а, 72% гIалгIа а шайн дай баьхначу латтанашка юхабирзинера.
БIаьстенца дистина догIу ламанан хиш санна, нохчий а, гIалгIай а чухецабаларна меттигера Iедал доьхнера. Цунна ца моьттура иза ишта хир ду, цундела цара Москва кехат йаздира шайна гIо доьхуш
[16] 1958-чу шарахь Хрущевс тIера бехкамаш дIабаьхна доллушшехь, нохчийн пхоьалгIачу декъан бен аьтто ца белира хIусам хила.




