На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Кхин берш цхьаьна ханна дIатарбинера промышленни хьукматашкахь а, йоьхначу лаппаг1анашкахь а, ширачу фермийн херцаршкахь а, ламчохь а. Мокъазаллин тIегIанехь а хьал дукха хенахь чолхе лаьттира: дешна ца хилар бахьана долуш, дукхох болчу нохчийн аьтто бацара мехкдаьттанан заводашкахь болх каро, ткъа оьрсий царех тешаш ца хиларо и хьал кхин а талхош дара.
1959-чу шарахь оьрсийн 8696 корматаллин хаарш долчу белхалошца дустича, цара беш болу болх беш 177 нохчо бен вацара.
Даймахка цIа дерзар къахьдира нохчашна а, гIалгIайшна а.
Цу хьоло гуш лаьтташшехь йуха а барт бохош бара нохчашна а, оьрсийшна а йукъахь, хIунда аьлча оьрсийн йерриге а монополи йара экономикехь а, промышленностехь а, мехкдаьттан гIуллакхехь а, ткъа нохчий са кхаччолц йуьртабахаман аренашкахь къа хьоьгуш бара, иза а доккха беркат а хеташ, хIунда аьлча дукха адам банне а болх боцуш диссинера, церан аьхкенан хаа белхаш дан дезара, ткъа царех а догIу алапа а дацара луш, йа церан гIо даккха стаг а вацара.
[17] Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а экономически хьолах лаьцна кIоргера хаьа лууш волчу йешархочун аьтто бу «Къинхьегамхойн юьртбахаман экономика» цIе йолу блог www.ichkeria.net (https://ridero.ru/link/gZD1XABrNeUMci) сайта тIехь еша.
Цул совнаха, нохчий меттигера бахархоша хьийзош бара.
Нохчийн-м шаьш баьхначу хIусамашка чубаха а йиш йацара, йа маьрша шайн лаьттахь дIасалела а йиш йацара, йа шайн маттахь къамел дан а йиш йацара. ХIинца а дийна бу йукъараллин транспортехь нохчийн маттахь вистхилча, оьрсиша – ма бийца и жIаьлен мотт – олуш йуьхь йагош, човхийна хилларш.
Махках дахаран чов хIинца а йерзанза долу нохчийн къам йуха а зуьйш дара замано.
Дукха хан ца эшнера шина къомана юкъара дов цIий Iанаре дерза. 1958-чу шеран хьаьттан беттан 23-чохь гIалгIачо дов даьллачохь оьрсий вийнера.
Цу жимачу суйнах марсайелира нохчашна дуьхьал айбинчу гIаттаман йоккха алу.
Нохчий йуха а махкаха баха бохуш адам гIаьттинера, юкъааллин гIишлойх цIе туьйссуш, нохчий бойуш.




