Главная » История » Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том (сразу полная версия бесплатно доступна) Бенедетти Франческо читать онлайн полностью / Библиотека

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.

0 баллов
0 мнений
1 чтение

Дата выхода

15 июля 2022

Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание

Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.

Описание книги

Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно

Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.

Текст книги

Шрифт
Размер шрифта
-
+
Межстрочный интервал

И зулам эскаран гIоьнца бен саца аьтто ца белира.

Центральни Правительствос машаран а бертан а политика йу ша дIахьош олура, амма ма-дарра гуш долу сурт ишта дацара – шеко йоцуш, нохчйн къоман шен лаьтта тIехь маьрша даха бакъо йацара.

Цера-м Соьлжа-ГIалахь даха ховша а аьтто бацара, ткъа массо а белхан меттиг кхечу къомах наха дIалаьцнера. Даймахка цIа вирзинчу нохчочун дахарах дийнна цхьа къиссам хиллера.

Лаккхарчу классийн дешархойн буьззинчу барамехь дешаран шо чекхдаккха аьтто бацара, хIунда аьлча хIора бIаьста уьш дай-наношца Казахстане шабашке эха дезаш бара, рицкъа дакка, ткъа къахьегаро гIелбина уьш гурахь бен цIа ца богIура.

Тут будет реклама 1
Ткъа шайн Даймахкара химически а, мехкдаьттан а йаьккхийчу заводашка нохчашна некъ бихкина бара уггаре а боьха болх бан а.

Москвас-м ахчанца кхачо йора ишколаш а, кхин йолу хьукматаш а республикехь йан, амма Нохчийчоьнан лаьттан кийрара дIа мел узучу сурсатащца иза дустича, цара луш долу ахча хIордала кхетта догIанан тIадаммал бен дацара. Советан Iедал цIубдар санна тIелеттера нохчийн латтана.

Тут будет реклама 2
Шерашца ца Iебаш, схьаузура цо цуьнан массо а сурсат. Ткъа ала деза, и цIубдар хIинца а дуьзна а дац, шенна ша мелдиънарг – шена марах охьлитта хан кхаьчнашшехь…

Советски Нохчийчоь

1960-чу а, 1970-чу а шерашкахь дахаран кхачалла хьалха ца хиллачу кепехь лаккхайаьллера. Нохчийчоьнах Россин Къилбан промышленни центр хиллера.

1969-чу шарахь кхузахь шекар а, шуранан сурсаташ а, консерваш а, цемент а, электроэнерги а йоккху 49 йоккха завод йара.

Тут будет реклама 3
Амма экономикин коьрта дакъа дIалоцуш мехкдаьтта дара. Нохчийчоьна СССР-ана хIора шарахь 21, 23 миллион тонн мехкдаьтта дара доккхуш. Ткъа иза Iедало бечу хаамашца долу терахь бен дац, ма-дарра дерг леррина лахдинера. Мекхдаьтта долчу метигашна уллохь кхоллайелира промышленность. 1910-чу шарахь кхоьллина хиллачу керосинан заводашна хIинца кхин а кхоъ тIекхеттера.

1939-чу шарахь шен болх дIаболийнера «Шерипов» цIе йолчу мехкдаьтта даккхаран промышленни дуьххьара схьайиллинчу завода, ткъа цунна тIаьхье схьайиллира «Ленин» (1958) завод а, «Анисимов» (I959) завод а.

Тут будет реклама 4

Мехкдаьттанан и йоккха кхо завод схьайелларо аьтто белира нохчашна шайн мехкдаьтта кечдарал совнаха, СССР-ан регионашкара догIуш долчунца болх бан а.

Нохчийчуьра заводийн аьтто бара шарахь 24 миллион гергга мехкдаьтта кечдан. Кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта а Нохчийчохь кечдо бохург бакъ дацара, цу эладиттано кхиамца къайладора Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан бакъ долу терахь.

Добавить мнение

Ваша оценка

Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив

Мнения

Еще нет комментариев о книге Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, и ваше мнение может быть первым и самым ценным! Расскажите о своих впечатлениях, поделитесь мыслями и отзывами. Ваш отзыв поможет другим читателям сделать правильный выбор. Не стесняйтесь делиться своим мнением!

Похожие книги