На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Хьалхара секретарь орьсий Фотеев Владимир вара, ткъа Лаккхарчу Советан Председатель вай лаккхахь вийцина хилла волу Боков Хажбикар вара.
Сацам хиллера Фотеев нохчашха схьаваьллачу хьаькамаца хийца, хIунда аьлча нохчийн а, гIалгIайн шайн-шайн векал хилийта республикин куьйгаллехь.
Кхаж белира йуьртбахаман министр хилла волчу инженер агрономан Завгаев Докун.
[28] Иза дуьненчу ваьллера 1940-чу шарахь. 1944-чу шарахь шен доьзалца а, дерриге а нохчийн къомаца а махкаха ваьккхинера.
1989-чу шеран чилланан беттан 7-чохь КПСС Областной комитета хин йолу ротаци тидаме а оьцуш, баккхий политически хийцамашка болу сатийсам бовзуьйтуш, дIахьедар дира.
[29] «Грозненски рабочий» газетас йаздора: «Керла политически атмосферас а, демократизацига йаьккхинчу гIулча а, йукъараллин ойла цIинйаро а вайна аьтто белла XX-чу бIешеран йуьххьехь а, I930-чу а, I940-чу а шерашкахь мел лелийначу къизаллех а ма-дарра бакъдерг дийца. Бехк боцуш нохчий а, гIалгIай а, кхин долу къаьмнаш а махках дахар хIора а советски стаган лазам бу, хIунда аьлча вайн махкахь хала ду и киртиг тIе хIоьттина ца хилла доьзал каро».
Шовзткъе пхеа шарна юкъахь дуьххьара нохчийн аьтто белира шаьш лайна бала майрра дIабийца. Семинаршка эха буьйлабелира эзарнаш нах, ткъа халкъан а, Республикин куьйгаллин а барт йухаметтахIоттийна хеталора Сталина лелийна къизалла Iорайаьккхаро.
1989-чу шеран мангалан баттахь Завгаев партин хьалхара секретарь хIоттийнера. И гIулч, хетарехь чIогIа кхиам болуш а йара, хIунда аьлча нохчаша хазахетарца тIелецира КПСС дарже шайн махкахо хIоттар. И хилам цара шайн исторехь маьIне лорура.
Хеталора, итта шерашца махках даьккхина, хьизийна долчу нохчийн къоман эххар а аьтто баьлла шен кхоллам ша сатийсиначу маьрша хорше дерзо.




