На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
II КОРТА
Завгаевгара Дудаеве кхаччалц
Маьрша а, цхьаьннах а дозуш ца хила а нохчийн къоман йолу сийлахь бакъо тидаме а оьцуш, нохчийн къоман маьрша ойла а йовзуьйтуш, цу къоман кхолламах йолу исторически жоьпаллех а кхеташ, иштта кхин дIа нохчийн къам шуьйра кхиа мел оьшу хьелаш кхолла Iалашонца а, нохчийн къам кхиарах а, Iалашдарах а терго а йеш, Нохчийн Республикехь дехачу кхин долчу къаьмнийн бакъонаш а, хьашташ а лоруш, Конгресса даздаран хьелашкахь дIакхайкхайо Нохчийчоьнан пачхьалкхан суверенитет.
Нохчийн къоман конгрессан суверенитетан Деклараци йукъара.
Радикальни хийцамаш
Хан дIа мел йоьду а, гуш дара перестройкас болх беш ца хилар. Экономика йухаметтахIоттар меллаша доьдуш дара, ма-дарра аьлча экономика стагнацера рецессе йаьллера.
Горбачевс беана болу хийцамаш адамашна керла социализм хIотточул, тишачух довлар санна хетара.
Йукъараллин ойла шина декъе йекъайеллера: цхьаьна агIор бюрократис а, партийн белхалоша а, эскара а гIо лоцуш болу, хийцамаш ца хилийта а, раж ларда а лууш болу консерватораш бара, ткъа важа агIор бара перестройка сихъйан лууш болу, и сиха кхочуш хилийта СССР-ах а бовла реза болу радикальни реформисташ бара.
Хьалхарниш Лигачев Егорна уллохь гулбеллера, иза правительствехь шолгIа стаг вара. Ткъа тIаьхьарниш бовзуьйтуш партийн Москван декъан секретарь Ельцин Борис вара.
Царна йукъахь дуьххьара Iоттадалар хилира I989-чу шеран товбецан баттахь, хIетахь Ельцина шен дарж дитира. Горбачевна ца лаьара и политически раж йелхо, цундела цуьнан аьтто белира ша векал винарг говрахь сацо.
Ельцинна иза башха хаза ца хийтира, амма уггаре а хьалха иза хаза ца хеттера Россин дукхох болчу бахархошна, хIунда аьлча царна иза бен ца хетара шаьш къоьллах лардийр верг.
[30] Цхьаьна 1989-чу шарахь промышленни производство 6% лахделира, инфляци 10% алсам йелира, ткъа пачхьалкха шена хилла зенаш меттахIотто, дешийна тIе кхевдира. Модернизацина ахчанца кхачо йан Iалашонца Горбачевс гIо дехначу йаьккхий коммерчески банкаш, пачхьалкха хьал долуш ца хилар шайна гучудаьлча, декхара дала ца тигира.
.
Керлачу баьччана йуххехь вай тховса «антикаст» эр долу болам кхоллабелира, иза дагахь вара цуьнан гIоьнца система чуьра дуьйна хийца.
Оцу ханна йукъахь социалистически ражана массо а агIор Iиттарш йара йеш.
ЧIагIйеллачу экономически кризиса, адамийн ойла марсайохуш, дика бахьанаш делира центральни правительствона йемал деш, куьйгалле хIитта лууш болчарна.




