На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
Оцу кепара цунна лаьара кхин дIа Союзана демократизаци йан Горбачевс кхоьллина йолчу политически институте (Халкъан депутатийн гулам) хин болчу хьалхарчу харжамашкахь консерваторашна шен ницкъаш гайта.
Иза йара 2250 делегатах лаьтташ йолу суперпарламент. Уьш хаьржинера СССР-ан йерриге а хьаьрмахь, уьш жоьпаллехь бара Союзан Лаккхар Совет хIотторна.
Цу керлачу органе харжамаш хилира 1989-чу шеран бекарг беттан 26-чохь дуьйна хIутоссург беттан 26-гIа кхаччалц. И харжамаш дуьххьара бара Коммунистически партийн декъашхо воцучо дакъа лаца магош болу.
Цунна дуьхьал волчу Лигачевна, Советски «къеначу гвардийца» нийсса уггаре а кIезиг кхаьжнаш дIаделлера. Реформистийн толамо Молдовехь а, Украинехь а, Беларусехь а гIаттамашна керла некъ биллира.
[31] Молдовехь 16 депутата Молдован Халкъан фронт кхоьллира, цуьнан гIоьнца цара майдане араваьккхинера кхо бIе эзар стаг, шайн мотт пачхьалакхан мотт кхайкхор доьхуш, Сталина йукъайаьккхина хиллачу кириллицин метта латинийн алфавитах пайда эца аьтто хилийтар а доьхуш.
Украинера «Суверенни Рух» цIе йолу болам Украинера къоман килс тIечIагIйар доьхуш бара. Беларусехь гIаттамхоша закона магийна боцу шайн байракх айбира.
Ткъа оцу хенахь къаьмнийн юкъаметтигаш талхар чIагIлуш дара. Вай кхул хьалха йийцина хиллачу Ламанан Карабахана тIаьхье алу тессира кхин а шина регионехь – Абхазехь а, Къилба ХIирехь а.
Амма карарчу хенахь дийцаре деш дерг Советски Союзана юкъара арадовлар дацара, шен суверенитет кхайкхиначу кхечу респуликах къастар дара.
Горбачевс вист ца хуьлуш тIелаьцна Эстонис чухецначу механизма советски республикаш аьтта, царех кегий этнически пачхьалкхаш кхоьллинера. Югослави йоьхначул тIаьхьа цу процессах балканизаци эр ду. Балканашкахь иза ма-хиллара, Гамсахурдиа Звиада куьйгалла деш хиллачу Гуьржи мехкан правительствос гIаттамаш совцо эскар дIахьажийра.




