На нашем сайте вы можете читать онлайн «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том». Эта электронная книга доступна бесплатно и представляет собой целую полную версию без сокращений. Кроме того, доступна возможность слушать аудиокнигу, скачать её через торрент в формате fb2 или ознакомиться с кратким содержанием. Жанр книги — История, Документальная литература. Кроме того, ниже доступно описание произведения, предисловие и отзывы читателей. Регулярные обновления библиотеки и улучшения функционала делают наше сообщество идеальным местом для любителей книг.
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Автор
Дата выхода
15 июля 2022
Краткое содержание книги Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том, аннотация автора и описание
Прежде чем читать книгу целиком, ознакомьтесь с предисловием, аннотацией, описанием или кратким содержанием к произведению Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Предисловие указано в том виде, в котором его написал автор (Бенедетти Франческо) в своем труде. Если нужная информация отсутствует, оставьте комментарий, и мы постараемся найти её для вас. Обратите внимание: Читатели могут делиться своими отзывами и обсуждениями, что поможет вам глубже понять книгу. Не забудьте и вы оставить свое впечатие о книге в комментариях внизу страницы.
Описание книги
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц. Книгин хьалхарчу томехь бовзийтина 1991-чу шеран «Нохчийн революци» а, 1994-чу шарахь оьрсийн-нохчийн хьалхара тIом а болабаларан мур. Йешархойн аьтто хир бу Россин а, Нохчичоьнан а исторически йукъаметтигах лаьцна ма-дарра довза. Дала Iалаш дойла вайн Нохчийн Къам!
Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том читать онлайн полную книгу - весь текст целиком бесплатно
Перед вами текст книги, разбитый на страницы для удобства чтения. Благодаря системе сохранения последней прочитанной страницы, вы можете бесплатно читать онлайн книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том без необходимости искать место, на котором остановились. А еще, у нас можно настроить шрифт и фон для комфортного чтения. Наслаждайтесь любимыми книгами в любое время и в любом месте.
Текст книги
ГIуранан беттан 11-чохь Гуьржийн къоман гвардис Къилба ХIире дIалецира, цигахь муьлхха а дIасалеларна новкъарло а йеш.
[32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам – иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.
Нохчийчуьра хьал
Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш кхоллайаларе далийра.
Маьрша ойланаш партехь ца хилийта, Горбачев цуьнан куьйгалла къонда гIоьртира, меттигера баьччанаш махках бахарна тIе а товш. Нохчийчоьхь кхаж белира йуьртбахаман министр лаьттинчу Завгаев Докун. Иза Iедална муьтIахь гIуллакхо вара. Теркйистера Бено-Юьртара схьаваьлла а вара, ткъа иза хууш ма-хиллара даима оьрсийшкахьа ойла йолуш хилла меттиг йу.
Иза башха чIогIа дош лелаш ца хиллехь а, амма нохчо хилар а тоьар дара, меттигера бахархойн цуьнца ларам хилийта. Завгаев Доку партийна дукха хIуманна декхарийлахь вара. КПСС бахьана долуш, цо колхозера пхьарера республикин коьртачарех цхьаъ йолчу министерствон куьйгалхочун дарже кхаччалц некъ бира.
Иза вуно дика вогIуш вара, нохчий жимма а совцо.
Амма цуьнга а ца хоттуш, иза цу дарже хIоттор къоман кхетам буьрса баккхаран бахьана хилира.
Керла баьччано халкъан лехамаш ма-барра бовзуьйтур хиларах тешна болчу интеллектуалаша уггаре а хьалха дIаболийра болх, Нохч-ГIалгIайн интеллигенцин Ассоциаци а кхуллуш.
Цо шен къамел дIадолийра Сталина латтийначу къизаллина йемал дарца. Ткъа иза хууш ма-хиллара, хIинцалц магийна дацара ала.
– Вай тахана кхузахь гулделла, бехк боцуш къам махках доккхучу хенахь кхелхинарш дагалаца.
Завгаевн Iалашо адамийн дегнаш карзах а ца дохуш, церан маьрша ойланаш партийн хорше йерзор йара.




